Your browser doesn’t support HTML5
ДИКАЕВ Мохьмад
Нана
«Макхъелла. Хьо букар
хьовзийна хено.
Хебаршка некъ бина
хьомечу юьхь тIехь,
Ша къега дашо чIуг
буткъачу пIелгахь…
ДIадаьлла хьан гIуллакх»,
– цхьаццаммо нене
Олий, дог дохадо,
тIехула бIаьрг тухий,
Ца хууш, нана юй даимна къона.
Гуттар а цо лучу кийрарчу йовхонах,
Схьаюьйлуш, еттало безаман тулгIе.