Айдамирова Машар. Сирла шовда.

Your browser doesn’t support HTML5

Айдамирова Машар. Сирла шовда.

Айдамирова Машар.
Сирла шовда

Кийра буззалцхIаваъ чууьйзира кIанта.
Дукха хан яра цо кху лаьмнийн ирзеш–тогIеш таллаза. Юьртара гIала вахана пхи–ялх шо а ду, цигахь цхьа жимма сом-ком даккхалур дацара-те аьлла. Дукха хьалхе дех а ваьлла, ненах а, жимчу шина йишех а жоьпалла тIедоьжна кхунна.
БIаьстенан мерзачу хIоно корта хьовзийра Валидан.
Ма хаза бу-кх хьо, ма мерза бу-кх, дагна ма аьхна бу-кх хьо вина,кхиийна дайн мохк!
Бераллехь ша идийна некъаш карладохуш, хьуьнха чувирзира иза.Когаша болар сихдина, шаьшша вадийна Iома тIе вигира. Iаьнан шанахпаргIатбаьлла Iам гIийло тулгIенаш херцош Iара. ГIовгIане пхьидаш хIинца а дикка тешаш яц шаьш дукха сатийсинчу бIаьстенах. Баьццара догIмаш а малдина, ангалин бIаьргаш шайтIанан бIаьра а доьгIна, хинан шийлачу меттахь техкара уьш: дехачу Iаьно тIетесна набаран тар дикка дIаялаза ю.
– Хьох хIинца а ца хилла хIорд?! – куьйгаш ойбуш, маршала хаьттира цо шен бераллин сатийсамах буьзначу Iоме.
– Ца хила боьгIначу хьан сатийсамаша дIа ца хийцира со! – тулгIийн эсалчу Iаьнаро шабаршца дуьхьала жоп лере дохьуш санна хетаделира цунна.
Уьш хIун сатийсамаш бара?
Доьза вайна да цIаверзар – цхьаъ, хIокхунна чIогIа Iамо лууш долу кеманийн Iилма а Iамийна, маьршачу стигала хьалавала – шиъ, дуьненахь дерриге а адам могуш-маьрша, ирсе хилийта – кхоъ.
Туьйранашкахь хила ма-беззара, кхоъ лаам–дехар.
Царах цхьа а кхочуш ца хили.
Дахар туьйра ма дацара!
Да а цIа ца вирзира, Iилма Iамо хан а ца хили – вала воллалц, де-буьйса ца къестош, гIишлошъярехь болх бан дийзи.
Массо а стагана ирс дIакховдо цкъа и ирс каро дезаш хиллера. Цхьаммо аьлла боху-кх: «Ирсан цIа дан дезаш хилча, цуьнан уггаре а йоккха чоь – ладегIаран чоь хир яра».
Вочу хIуманах, цамгарх санна, ун долуш мукъана а делахьара и ирс.
Ца долу-кх!
Бералла дагалоьцуш, Iоманна гуо а тесна, лакхуо гу тIе а ваьлла, ша даима а охьахааIеминчу метте вахара кIант. Кхузара дIа Iаламан суртдерриге а бIаьргаш чу дуьжура. БIаьстенца ховхачу маттах хьалаайбаеллачу баьццарчу бацалахь, цхьа боккха там хилла, дIакерчира иза. Аьтто агIор лерсино схьалецира хинан тIадамийн самукъане ловзарш. ДIахьаьжча, хIинццалц кхузахь хилла доцу шовда дара ловзадаьлларг. Тархан йийсарера даьлла, тIулгаш юккъехула шена цхьа гечо а лехна, маьршша охьахецаделлера иза.
Хьажахьа, кхин цхьа йоI а дуьненчу яьлла-кх!
Олуш ду-кх:«ЙоI дуьненчу яьлча – лаьттахь керла шовда гучудолу, кIант дуьненчу ваьлча – стиглахь седа лета». Седанна шен шовда карийча, цаьршиннан кхоллам цхьаьна хуьлу боху.
Дависа, мехкарех лаьтташ хила дезаш ма дара и седарчий!
ТIекховда генахь хилча, ларба атта хир ма бара уьш. Сийдоцчарех, боьхачу дог-ойланех… ЦIена, сирла шовда экаме ду, иза бехда дукха къахьега а ца оьшу – чу шеташ тоьхча а тоьур ду.
Валидан дог карзахе тохаделира.
И де цунна цкъа а дицлур дац…
ХIокхеран бригада делкъеян охьахиънера. Луьйш-олуш, вайн махкара кхечу пачхьалкхашкадIаоьхучарех хабарш юкъадевлира.
– Селхана тхан юьртахо вара тилпо етташ, Польшехь ду шаьш, мухIажарийн лагершкахь, цигахь дов даьлла, кхечу къомах болчарна арсаш Iиттина шаьш бохура.
– Стенна тIехула? – хаьттира Валида.
– Бухахь болчара цхьа эвхьаза биэгаш бина хилла вайн мехкаршка, оцу тIехула вайн кегийрхой тасабелла царах…Набахти чубоьхкина вайнаш…
Валидан собар кхачийра:
– Вайнаш вайн цIахь бу, шен Даймахкахь. Шайн йижарийн сий лардеш, шайн цIахь Iен безаш хиллера. Шаьш стенга доьлху ца хаара царна? Цигахь вайн дайн Iадаташ лелалур ду моьттуш бара, Европехь нохчийн Iер-дахар хира ду моьттуш бара?
– Ахь-м и дуьйцу, цигахь-м нохчийн зударий кхечу къомах болчаьрга а маре эха буьйлабелла боху!
– Нохчий-м хир бацара уьш, – куьг ластийра кIанта. – Эцца, шаьш нохчий ду бохуш лелаш цхьа хIумнаш хир ю-кх – нохчийн мотт бийца хиъчхьана, нохчий ма ца хуьулу! Вайна, оьрсийн мотт хаарх, оьрсий ма дац вай. И мотт хууш боцчу махка дахча, вайга а Iехалур бу нах, тхо оьрсий ду бохуш…
Балхара цIа вогIу Валид, цхьацца эца езаш а хилла, базара вирзира. Шена оьшург схьа а эцна, кассире ахча дIадала тIевахча, хIокхунна гIопастана дехьа агIорхьара цхьа гIовгIа хезира. И хIун ду хьажа вахча, гинчо коьрте цIий хьадийтира – ши турко нохчийн йоI дехьа-сехьа яла ца юьтуш, маьттаза луьйш вара. Нохчичоь юхаметтахIотош, Турцера кхайкхина балийна гIишлошъярхой бара уьш. Хонкарара хьеший хьонка санна баьржинера хIокхуьнан махкахь.ХIинца хьошалара бевлла, эвхьаза бевллачух тера дара уьш.
– Карсавица, пойдем с нами… деньги дам… купишь золото… карсивое палатье… хьа-хьа-хьа!
ДаI санна цIийелла йоI, ша хIун дийр ду ца хууш, йоьхна хьийзара. ХIара гучуваьлча, цуьнан даккхийра стигалан басахь бIаьргаш хих дуьзира.
Воьлучуьра ца соцуш, йоьIан куьг лаца тохавелла турко, оцу мIаьргонна лаьттахь вахвелира. Валида тоьхначу буйно мерах цIий хьадийтира. Моха еанчу кIанта, такхийна араваьккхира махкара воцу хьаша, тIаккха шен гIора ма-дду цунна еетта вуьйлира.
– Поезжай к себе домой… там покупай своих турчанок… падло… Ты забыл, где ты находишься? Мразь… да как ты смеешь?…попробуй впредь даже взглянуть на наших девушек… я тебе глаза выколю…
– ХIей, тоийта, дIавала ца боху хьоьга, – тIехьаьддачу шина милцочо хала юхаваьккхира иза.
ХIокхо йиттина мадвинчу туркочун накъоста далийна орца хиллера иза.
Лаьттахь ваьржина Iуьллу турко меттахволуш а вацара. Наггахь цо дечу узаро и дийна хилар хоуьйтура.
ТIаккха, хIорш берриге а милице дIабигира…
ТIаккха…
ТIаккха, хIокхунна йиттира. Ши куьг, ши ког дIа а дихкина, йиттира… нохчо ву бохучу оцу милцичо…
Иза хиллера оцу туркойн «тхов», цунна хIора баттахь ял а луш, шайн луъург деш лелачу оцу боьхачу хIуманийн накъост.
– Хьан хIун яра и йоI? – къорделлачу лере халла схьакхечира милцочун хаттар.
Валидана бIаьргаш схьабелла Iаламат хала дара – коьртара охьаIийдалучу цIийша новкъарло йора. Эккхийтина балда дистинера. Хьалхара ши церг а малъелча санна хийтира.
– Хьоьга луьйш вай со-м? Йиша яра? Шича яра?
– Иза нохчийн йоI яра!
Милцо гIадвахара:
– Киношка дукха хьежначух тера ду хьо!
Валид лацаран коьрта бахьана къайла а даьккхина, хIокхуьнан хьуьнах баханчарца уьйраш хилар хааделла шайна бохуш, шина кIирнах сов хьийзира кIант. Йиттина цхьа жим а хIаллакбира, масех пIенда а кагбира. ХIокхо шарахь хьанала къахьоьгуш гулдина ахча нанас оцу милцочунна дIаделча, маьрша витира.
Ша араволуш, шек дIа а воцуш хиъна Iачу милцочуьнга цабезамца элира Валида:
– И хьан погонаш, герз охьадиллинчу заманчохь кхечу кепара дуьйцур ду вайша!
– Дала аьтто бойла хьан! – важа-м ваша а ца вешира.
Цул тIаьхьа цхьа шо хан яьлла, амма и ирча де массо а хенахь карладуьйлу цунна. Йиттина, заьIапдина шен дегI дацара цунна гуш дерг.
ХIан-хIа.
Оццул шена чIогIа еттар, ша лазавар, Iовжавар дацара цунна Iеткъарг, ша харцонна дуьхьал гIорасиз хилардара синна Iеткъарг.
Милцо хIокхунна етташ хьаьсарта ваханчохь, хIара велавелча, цецваьлла, ша деш долу дабагIа цкъа сацийра вукхо. ТIаккха, догъиэтIаш, кхин а чхьагвелира чалтач.
Ткъа Валид-м воьлура, шен накъосташца Iуьйрана балха тIехь шайн хилла къамелаш дага а даьхкина. Дозанал дехьа нохчийн мехкарийн сий лардар хьахаделча, хIокхо, бехк боккхуш, аьлла дешнаш: «Шайн йижарийн сий лардеш, цIахь Iен безаш хиллера!».
ЦIахь волушшехь, сий лардан воьлча, хIокхунна хилларг хазахьара царна! Ма доггаха буьйлур бара-кх уьш! ХIетахь хIара санна…
Дикка Iийра Валид Iаламан марахь садоIуш.
Гу тIера охьахьаьжча гуш болу Iам, хIокхуьнга гIийла бIаьрг бетташ Iара. Йоккхачу арахь цхьа бара иза. И цхьалла яра хIара шиъ вовшашна тIеийзориг.
Охьавоьссина, Iома йисте вахара Валид.
– Суна хIорд бу-кх хьо, сан дуьне! Схьавеъча, мичча хенахь а тIехIотта йиш йолуш, хьан аьхначу тулгIешца ирсан дарц айба йиш йолуш! Сан гIайгIа-бала хьайн дарбанечу хишца ахь айбеш хилча, сан дагалецамаш безамца ахь ларбеш хилча – сан хIорд бу-кх хьо! ДаккхийчухIордех ма хьега хьо – церан тулгIеш къиза ю, лазаво цара, керчаво. Текхавеш, шен мецачу, дуьрачу кийра ийзаво. Хьогалла ца йойу цуьнан хиша, шен дукхаллийца бIаьрса Iехадеш, шех хьегавеш, хьогалла вуьй. Дала ларвойла-кх цуьнца долчу гергарлонах!
Лаьмнийн сирлачу шовданех хьоста оьцуш гулбеллачу Iома чуьра куьйга канашкахь шийла хи мелира кIанта.
– Сан Iам – сан хIорд! Ма чIогIа сатесна-кх ас, хьан беркатечу марахь цкъа денвала! Амма цхьа бала бу-кх сан кийрахь, алу хилла богуш боккха бала! И хьоьга кховдийча, цуьнан цIаро хьо кхехкорна кхоьру-кх со! И бала базбелла, сан дагах цхьа коржам йисина–кх! Оцу сингаттаман мохь хьуна хиъча, хьо бакъабаларна кхоьру-кх со!.. Со юхавогIур ву кестта. Марша Iойла хьо!
МаьркIажехь гIала охьакхечира Валид. Сихха чукхача лууш, таксешна тIевахара иза.
– Хьо йогIуш елахь, чухаий ялахьа, зуда! – аьлла, цхьаьннан аз хезча, ша волччохь вогIавелира Валид.
И аз дара цуьнан наб яйинарг, хIара дуьне къахьдинарг.
Милцочун аз.
ХIара цунна тIекхачале, шен пассажир а эцна, иза дIавахара. Таксин лоьмар дагахьлаттийра кIанта.
– ХIинцца оцу такси тIехь дIавахнарг мила вара? – хаттар дира цо, дIанехьо а бевлла, шайн рагI ларъеш лаьттачу таксисташка.
– Цхьа боьха хIума ю-кх. Милицехь болх беш волуш,… цуьнан цхьацца боьха хIумнаш гучу а девлла, дIаваьккхина боху иза, – жоп делира царах воккхачо.
– Дукха хан юй иза кхузахь болх беш волу?
– Цхьа бутт бу.
Ша цIа муха кхечи а ца хиира Валидана. Ерриге а ойла дIалаьцнера шена тахана гинчу мостагIчо. Цуьнгахь герз а дацара, белш тIехь погонаш а яцара.
ХIинца тIекхечи-кх хIокхо оццул ларйина хан!
ШолгIачу дийнахь таксопарке тилпо а тоьхна, таксин лоьмар а аьлла, машен кхайкхира цо. Дукха хан ца елира, арахь «пIапI» аьлла, машен сецча.
Валид машенна тIехьа чухиира.
– Мича воьду вайшиъ? – тIехьа хьожуш вацара шопар.
– Йохийна медзавод йолчухьа. Сацо езачохь ас эр ду хьоьга.
Дукха ца Iаш дIакхечира и шиъ.
– Сацае!
Валид машенара охьавоьссира. ТIаккха, неI схьа а йиллина, аратакхийра милцо хилларг.
– Хьо хIун дан воллу, накъост, хьера-м ца ваьлла хьо? – ца кхеташ тохавелира иза.
– Дала аьтто бина сан тахана! ХIинца хьайн туркойн вежаршка орца доьхур–кх ахь!
Дерригенах кхетта, амма ведда вала аьтто боцуш, гIаддайна, дIасахьийзара кIилло.
– Белш тIера а, хаьнтIера а майраллаш схьаэцна хьоьгара? Мича дахана хьан кура хабарш, дозаллаш? Хьо санначара дайина нохчочун сий а, тешам а… Цхьа жим, кегдина пIендарш, шарахь бекхамо огуш сакхатхилла дог. Сан ненан, йижарийн бIаьрхишна декхар ву хьо суна… Тахана ас декхар схьа а оьцур ду–кх хьоьгара…
ЭхI, ма дог Iабийра-кх цо!
Мелачу цIийша вуьзна, синкхетамах ваьлла Iуьллу шен мостагIчун кисана кехатан цуьрг йиллира цо: хIокхунна тIехь хIара пхьоладинарг ша ву аьлла, шен цIе а, адрес а тIехь долуш.
ТIаккха «скори» а кхайкхина, цигара дIавелира.
ШолгIачу дийнахь, хIокхеран бригада хIума кхоллуш йолуш, цхьамма кхайкхира иза:
– Валид, цхьа нах бу-кх хьо хоьттуш!
Уьш иттех стаг вара.
Баккхий нах.
ХIара гучу ма ваьллинехь, кортош охьадахара церан.
– Валид, оцу тхан кIанта дерриге а дийцира тхуна… ша ма-дарра! Дела реза хуьлда хьуна и кхетамчу валийна!... Кхетамчу вало цкъа синкхетамах ваккха везаш хиллера галваьлларг… Тхо хьан цIахь а хилла, хьан нана, йижарий къинтIера а баьхна… Хьо тхайна къинтIераваккха даьхкина-кх тхо! Хьо дуьхьал вацахь,таханчул тIаьхьа хьан ден, вежарийн метта а хир ду-кх тхо!
Оцу буса дуьххьара набкхийтира Валидна.
Цунна гIенах шен Iам гира.
КIант эвххьаза хи чу велира, Iам кхехкарна а, бакъабаларна а ца кхоьруш.