ТIаьххьарчу деа шерачохь йохка-эцарца йоьзна йоцу 148 юкъаралла «арахьара агент» аьллачу статусе яьккхина, ткъа царех 137 Оьрсийчоьнан юстицин министраллан сацамца. «Общественный вердикт» фондо даладо и терахьаш, «арахьарчу агентех» (НКО) низам тIеэцна 4 шо кхочучу деношкахь арахецначу артикл тIехь.
«Арахьарчу агентийн» тептаршкахь ю экологин, гIоьналлин, медицинан, бакъонашларъяран юкъараллаш. Фондан жамIашца, оцу реестр юккъера дIаяьккхина 26 юкъаралла, цара шаьш шайн болх сацорна, ткъа 18 кхечу пачхьалкхашкара ахча схьа ца эцарца. Шаьш арахьарчу мехкийн агент йоцийла тIе ца чIагIдинчу 50 хьукматна дуьхьал администрацин гIуллакх айдира.
Оьрсийчоьнан юстицин министраллин лелораш низамашца догIуш цахилар билгалдоккхуш, чIагIдина дац цхьанхьа а, дIахьедо «Общественный вердикт» фондо. Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Амнести Интернешнл организацино дахначу пIераскандийнахь дIахаийтира, оцу 4 шарахь Оьрсийчоьно тIеэцначу низамо йозуш йоцу юкъараллаш дIакъовлучу хьелашка хIиттийна хилар.
2012-чу шарахь Оьрсийчоьно тIеэцна коммерци лелош йоцучу вовшахтохараллех лаьцна долчу низам. Цу низамаца а догIуш, махкал арахьара луш долчу ахчанах болх беш йолчу вовшахтохараллашна статус елира «кхечу мехкан» агент аьлла.