Your browser doesn’t support HTML5
2002-чу шеран бIаьстенан тIаьххьарчу деношкахь «зачисткаш» еш, лоьгуш, луьттуш, шаьш «террористех», «бандитех» цIанйо аьлла Эвтарара, Цоци-Эвлара, кхин а массех юьртара нах дIалахьийра оьрсийн эскарша.
Стигалкъекъа-беттан 21-чохь кхечира и инарла Броницкий коьртехь волу эскар Мескар-Эвла а. Меттигерчу айкханчийн гIоьнца, дуккха а кегийнах лийцира юьрт гонехь латточу федералаша. Ткъа дийнахь юьрт лаьцна лаьттина эскар дIадахча, цхьаъ, Темерсултанов Адам, вийна карийра юьртахошна. Доьза вайра 15.
Гонелаьцна латточу Мескар-Эвлахь уллера гергарнаш бара Элинин. Гонахарчу ярташкарчу нах а санна, балехь бохкучарна гIодан араяьлла лелла иза. Тамаше делахь а, меттигерчу цхьана таксисто, ша дIакхачор ду а аьлла, дIадаьхьина рицкъ дIатоьхна а ца хиллера Элинин ненайишига.
Элина: «Гобина, стагга а чу-ара а цолуьйтуш латтайора Мескар-Эвл. Йистехь фильтр-куп а хIоттийна, юьртара кегийнах бара чубоьхкина. Хьолана сагатдеш бара массо а гонахарчу ярташкара нах. Оцу юьртахь сан ненан йоккхахйолу йиша яра. Цунна сагатдеш хьийзара тхан нана. Со яхара нах лаьттаче, ненайишина кхача а хьош. Цхьана таксисте дIакхачабахьара аьлла, мах а белла, рицкъ дIаделира ас. ДIакхачийна а ца хиллера.
ШозлагIа яхана, ахча а хьажийра ас ненайишина, иза дIакхаьчнера цуьнга. Цуьнан кIант а вара хIетахь федералаша вигина хьийзош. Иза аьтто баьллера эскарийн карара ваккха. Нах бехха лаьттира Мекар-Эвлан йистехь цигарчу гергарчарна сагатдеш. Ирча хьал дара…».
Оцу деношкахь бигина, Iазапехь бахкийначех цхьаъ Европехь схьакарийра Маршо Радиона. Цуьнан дехар ду шен цIе хьовха, я аз а, я веха меттиг а цайовзийтар.
Германера теш: «Нахах кадаьлларг дIавуьгуш хьийзара эскарш. Эвла юккъе дIагулло олий, дIагуллора адам, маьждигна хьалха. Цигахь толлура эскархоша массо а. Лаьтташ бронетранспортер хуьлура, цунах «чохь садолу компьютер» олура. Чухаийна юьртара айкханча хуьлура, цуьнга къаставойтура лацавезарг, цавезарг.
Цхьана дийнахь «фамили», эли соьга. Ас иза яьккхича, хьо вара-кх оха лоьхург, аьлла, цхьана къохашка дIавигира со. 9 дийнахь къиза хьийзийра, ток етташ.
13 вара тхо машенна чувоьллина. ДIавуьгуш, ток етташ, лелхийтина декъий гойтуш… къематде дара-кх. Соьца болучийн цIерш яра Илес, Хаважи, Бубу, Аслан, Рустам, ши ваша вара – Сулиман, Саламбек… Тхо тахана арадаьхча, кхана эскар дIадахара.
Араваьлларг тхо виъ вара. Сой, Хаважий, Рустаммий, Бубуй. Вукхарех виъ, тхуна ган а гуш, вовшах а вихкина, эккхийтира. Вуьйш тIепаза байина, карийна бац».
Мескар-эвлахойх хIетахь вайнарг 15 ву. Шовзкъа сов стаг лелла церан гергарчех кху I4 шарахь шайн берийн я вежарийн дакъа мукъане а карор дацара те бохуш. Я къинхетам а, я бакъдерг а ца карийна тахханалц. Нахе цхьана кехатца дийцина а, дац дийцина эпсарша шаьш нахах динарг.
Амма Страсбургерчу Еропан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело кху шинарийдийнахь кхайкхийна шен сацам. Оьрсийчоь бехке а ю, цо, теллина, къастам бан а беза, аьлла бу сацам.
Ахча Кремло ша нахана бинчу цатемашна лур ду ца лаахь а, лууш санна. Амма Европан кхело уггаре коьрта лору шен сацамехь Оьрсийчоьно мескар-эвлахой доьзабар таллар а, кхелехь догIучарна таIзардар а.
Европерчу валютан эквивалент соьмашкахь, дIакховдор ю кхелехь тоьллачарна. Амма нийсонан кхел я хьалха ца хилла, я хIинца хир яц – ша хIаллакбинчу нехан кхолламаш наггахь а ца кегабо, ца луьсту шен кхелашкахь Оьрсийчоьно. Иштта дуьцу Европан кхеле шен махкахошна аьрзнаш дIахьажош шерашкахь леллачу адвокато. Амма… амма цо а доьху Маршо Радионе ша ца вовзийтар. Иштта, ур-атталла адвокат а кхерамах хьулвала везаш ду Нохчийчохь хьал тахана а, боху цо.
Адвокат: «Европан кхело жоьпе йолчу пачхьалкхо гIуллакх теллина цахилар билгал а доккхий, оцу гIалатна дуьхьал ахчан совгIат долуьйту. Харцо а талла, сацам а бе олу бехкечу пачхьалкхе. Амма и тайпа сацамаш кху цIахь кхочуш ца бо. Тхо массех шарахь гIиртира сацамаш Оьрсийчоьне кхочушбайта, гIуллакх ца хилира.
Европан кхеле, кху Iедало шун сацам кхочушбеш бац аьлла, кехаташ дахьийтира, амма цигара цхьа а жоп а ца кхечира тхоьга. Ис шо а ду жоьпе хьоьжу. Европан кхелан авторитет яц кху пачхьалкхехь».
Мескар-эвлахь зачистка йинчу тIеман дакъойшна коьртехь инарла Броницкий хилла боху. Мила ву иза? Муха вуьйцу? Карор варий те, ойла йира Маршо Радионо. Тамаше ду интернетехь бисинехь, моза карор болу Гугл и цIе йолу инарла карране а ца карош йисар.
Мескар-Эвлахь хьовха, СемаьIашкахь я Аьлдахь, я муьлххачу а кхечу нохчийн юьртахь къиза хьийзинарш схьа а лехна, таIзаре ца бахарал совнаха, кхераме ду уьш лехар а, хьехор а.
Хилла цатам ма бийца, хIан, хIара сом ду хьуна, саца дуьнене леткъачуьра, бохуш санна, Европан кхелехь тоьллачунна кхайкхийна сом-ком дIакховдайо Кремло.
Амма эцалац ахчанца иэс, эцалац ахчанца вас.