Зударий бакъонаш ларйой Нохчийчохь?

ТIаьххьарчу шерашкахь хьаькамаша, хьолахоша, Iедална гергарчу наха, шайн цIахь зударий, доьзалш а бара аьлла ца Iаш, бIаьрг тIехIоьттина йоI юьгуш даьржина. Зударий цатайча, еха ойла а ца еш, юьту иза божарша. Ткъа ша шех къаьстийначу доьзална хьашташ ца латтадо хийлачу дас. ХIоьттинчу хьоло дакъазайоккху нохчийн зуда. И тайпа леткъамаш алссам хеза Нохчийчуьра. Дуй иза бакъ, хIун некъаш бу зударийн, берийн бакъонаш ца эшийта?