Набахтешна ен харж лахъян йоллу ФСИН

Оьрсийчуьрчу набахтешкахь бохкучу нахана юуург латтош дойу ахча 2019 шо тIедале 5 миллиард соьмана лахдан сацамбина Федералан кхелан сацамаш кхочушбечу урхалло (ФСИН). Цхьана тутмакхна дийнахь ен харж сацор ю 64 соьма тIехь.

Ткъа тахана и ахча кхочу 86 соьме. Карарчу ханна Оьрсийчуьрчу набахтешкахь лаьцна кхобуш ву 700 000 сов стаг. Хьалхо Европан парламенто Оьрсийчоь кхайкхинера шен набаштешкара хьал аттачу даккхаре.