Your browser doesn’t support HTML5
Рашидов Шаид
Сан ненан мотт
Доккхачу лаьтта тIехь
Хазалла лоьхуш,
СадаIар дицдина
Еттарх а йорт,
Хьегаран хьу елла,
Шена тIевоьхуш,
Хиллера цIийх боьлла
Сан ненан мотт.
Зезагийн лесторехь,
Техкарехь диттийн,
Къайленаш соь юьйцуш
Ловзарехь хIорд,
ЛадоьгIча шабаршца
Бешарчу ниттийн,
Соь ницкъ лург хиллера
Сан ненан мотт.
Иллига бирзича
Iенадеш бIаьрхиш,
Делхадеш, ловзадеш
Кийрара дог.
Кхолабеш, юха а
Къагабеш бIаьргаш,
Серло лург хиллера
Сан ненан мотт.
Диканехь я вуонехь
Дош ала дезча,
КIорггера ян воьлча
Хиллачийн чот,
Эхь, иман я гIуллакх,
Доьналла эшча,
Хьекъал лург хиллера
Сан ненан мотт.
Вахар а хIун оьшу
Цунах дIахаьдча?
Бицбина вехаш верг
Ю яьсса ботт.
И саннарг карор бац
Мел дукха лехарх,
Даймехкан дозалла
Сан ненан мотт.