Айдамирова Машар. Безаман къайленаш.

Your browser doesn’t support HTML5

Айдамирова Машар. Безаман къайленаш

Айдамирова Машар

Безаман къайленаш

Тоххарехь маьркIажан-хан а хилла, дIа-схьа воьдург, вогIу-воьдучура ваьлла.
Гуьйренан цIемзалло сахьт-доза туху адаман лаамашна – мел лиъча а, арахь латта, хьошалгIа ваха догдоуьйту хан-зама яц тIехIоьттинарг. Мичара богIу а ца хууш, схьехацабеллачу махо Iуьйрана дуьйна тIуналлах дистина, Iаржъеллачу мархийн гай датIош, догIа охьахийцира. Кийра уьйзучу шийлачу хIавао цхьа тамашийна ша буьллура пехашна – дегIехь халла сийсачу йовхонах хьаьрчий, кхарзаеллачу йовхаршца юха арататталора.
Б1аьста, аьхка ховхачу махо, малхо хьистина, дехха самукъане той дIакхехьна дитташ хIинца можа-мокхачу басе дирзина. Шаьш горахIитто гIертачу дерачу мехашна ма-хуьллу дуьхьало ян гIерташ, наггахь гIийла узарш а хеза церан. Амма мел кадеттарх а, тIаьххьара шайх къаьста гIа а ца сацало. ХIокхеран, луьстачу гIашлахь зевне декначу олхазарийн, долу ирс а ца хили – шелонна тIам ластийна, кхидIа а шайн той дIакхехьа йовхачу махка, тIома дIадаха.
ТIегIертачу буьрсачу Iаьнна йилхина яьлла гуьйре тIаьххьара сауьйзуш ю.
Асхьабан дагара хууш санна, Iийжа иза.
Машенан кор схьа а диллина, цигаьрка а латийна, дIаьвше кIур сутара чууьйзира цо.
Таханлерчу дийнах догдилла дезар ду – мел ладегIарх а цхьа сом пайда ца беа. «Дахар – кепек», –бохург хIун ду хии.
ХIан-хIа, хIуьттаренна Iийр ву-кх иза, Iан дезахь, буьйса юккъе яххалц.
Болх-м яцара хIара, делахь а хене ца ваьлча волий? Дийнна де дIадолу, рагI ца кхочуш а: машен мел ерг, таксист хилла дIахIоьттина.
ХIун до дIавахана а?
Чуьраниг яц чомахь йистхуьлуш а, бераш а ду иштта дех уьдуш. Къаьсттина йоккхахйолу йоI.
Дала хьеха шена!
Кхуьур ю маре яха а, дIаяхча, юхаян а… Беран тIорза!
– Ваши! – ойлане ваьлла, вицвелла Асхьаб меттавалийра корехь гучуваьллачу къоначу стага.
– Ваши, хьо мукъа вуй?
– Дера ву-кх, Iуьйрана дуьйна дIа-м. Хьо стенга ваха веза?
– ГIалара аравала а ца деза. Тхо кхоъ ву. Машен галъяьлла тхан, кхиниг лоьхуш Iен хан яцара…
КIант, воьхна, дIасахьаьвзира.
– Сингаттаме хIумма-м дац? – шекваьлла, хаттар дира Асхьаба.
– Ваши, хан йиллина йоI ю-кх тхоьга хьоьжуш лаьтташ… ТIаьхьа дисча, товш ма дац ишттачохь!
Асхьаба, резавоцуш, корта хьовзийра.
– ЙоI ядо дохку-кх шу!?
– ХIан-хIа, ваши, йоI реза ю, цуьнан шен гергарчу зудчо арайоккхуш а ю...
Машен, шен чиркхийн серлонца Iаьржа бода цоьстуш, буьйсане, кхин а цхьа къайле кховдо новкъаелира.
Кегийрхой юкъа-кара вовшашка лохха бистхуьлуш хезара. Гуш дара: уьш ханна воккха волчу Асхьабах, гIиллакх лоьцуш, ийзалуш хилар. Къоначу нахехь долчу иэхь-ийманах бIаьрг буьзира хIокхунан.
– Кхин некъ ца карийра шуна?
– Бехк ма биллаллахь, ваши, ахь аьллачух ца кхийтира со? – хьалха хиъна вогIург хаттарца схьавирзира.
– Ас-м, йоI иштта, обаргаш санна, тебар доцуш, массарна а хууш, еза-йоккха йига ца мегара? – хоьттура.
– ВаллахIи, мегар-кх, дукха мага а мегаш-м. Вайн дайн оьздачу гIиллакхца, шарIо ма-бохху и чекхдаккха а ма хьаьвсира тхо. Баккхий нах а бахийтира йоI еха, молла хьалха а ваьккхина… Да дукха буьрса стаг ву-кх цуьнан…
– Реза ца хили?
– ХIан-хIа!
– Нуц муьлханиг ву шух? Хьо-м вац?
– Вац дера-кх, – куьг ластийра жимхас. – Тхо доттагIий ду.
– Ша хIунда вац куьг бехкениг?
– Шен куьйгаш цIена дитархьама, – велавелира кIант. – ЙоьIан сий лардархьама! Захалонна хьалхара некъ бихкича, шолгIа некъ харжа дийзи тхан, амма иза а ма бу цIена дIакхехьа безаш… Там-мах барца долу хIума дIадирзича, гучувер ву нуц а…
Асхьабана тайра и къамел.
– ЦIерачарна хууш дуй аша юьхьарлаьцнарг? – хIоьттина тийналла йохорхьама хаттар дира цо.
– Ду дера-кх, – юха а къамеле велира хьалха хиънарг. – Тховсалерниг-м, Дала мукълахь, зен-зулам доцуш дIадоьрзур дара, ваши! Стохка тхуна хилларг ца хилчхьана…
– ХIун дара иза?
– ЙоIа тешамна елла чIуг а йолуш, цо аьллачу дийнахь ехийта баккхий нах бахийтинера оха. Да вацара цуьнан, вежарий бара. Амма тIаьххьарчу минотехь чIогIа дуьхьалбевлира уьш захалонна. Бахьана хIун дара аьлча, дIо мацах цкъа, микли заманахь, шина а агIорчеран тайп-тукхамашна юкъахь хилла цхьа дов-питана айбина хиллера цара. ХIун дийр ду ткъа?Тур-тапча а яьккхина, чугIоьртийла а ма дацара нехан нахана! ХIинце-хIинце нускал цIа кхочу бохуш, доккха той хIоттийна Iаш кIентан цIеранаш а бу нускал а дац… Эццахь дIатохавеллачу тхан тобанан хьалхарчу стага, Якъуба, оцу юьртахь марехь йолчу шен шичица барт бина хиллера цуьнан йоI яло… Шен дагахь оха айбина гIуллакх юьхьIаьржонца ца дерзийта… И тусаделлачу тхан захало духатоьхначу вежарша тхоьга хабар туху, шаьш реза ду, шайн йиша дIайига олий…
– ХIунда? – дуьйцучо цецваьккхина Асхьаб, кхеташ вац вежарша лелочух.
– ВаллахIи, ваши, хьуна догIу аьлла ца боху ас, ахь бехк а ма билла иштта аларна, наггахь баккхийчара лелочунна, мел тIекхиа гIиртича а, тхо, кегийрхой, кхета ма ца кхета хьуна… Тхоьгахь сакхташ лоьху, шайн сакхташ гуш а ца хуьлу. Тхо-м, дуьне-дахар довзанзакхиазхой хилийтахьа, ткъа шортта зиэделларг а долуш, хан-замано кIорггера хьекъал а, кхетам а белла хила ма беза тIекхуьучу тхуна хьехарш дан декхарийлахь болу къаной… КъинтIеравалалахь, ваши, шаьш берриш ледара бу бохург дац хьуна иза…
– Хьо харц вац-кх, жима къонаха, бакълуьйш ву, – дахарехь шех йийлина ледарлонаш дагаяьхкинчу Асхьабана ша-шех иэхь хийтира. Цхьадика, бодашкахь гойла а дацара хьаьжа тIехь буьрттигал даьлла хьацар а, цIийелла юьхь а. – ТIаккха, дIадигин аша нускал?
– Ткъа тхуна хууш ма дац Якъуба бина сацам... – соцунгIа а хилла, дийца волавелира кIант. – Тхо нускалца дукха хазахетарна, хьерадевлча санна, дIакхочу, тхуна тIаьххье Якъуб а вогIу-кх кхин цхьа нускал а далош!
– И бохург хIун ду?! – Асхьаба, ша хIун леладо а ца хууш, машен а лахйинера.
– И ду-кх. Тхан доттагIчунна шиъ нускал хили-кх! – велавелира дуьйцуш верг. – Шинненна а хууш дац хIоьттина хьал, тхан цхьаъ нускал долуш ду, хьо дIагIо олийла а ма дац тIедалийначуьнга…
– ТIаккха хIун ди аша?
– ДоттагIий стенна оьшу ишттачохь, орцах а ца бевлча? Царах цхьамма шена дерзийра шолгIа нускал. Цхьана дийнахь ши той дир-кха оха. Долалуш худар кегийнехь а, чаккхе, Делан къинхетамца, дика хилира!
– Далла бу хастам! – доггаха вистхилира Асхьаб. – ХIинца муха ду оцу шина доттагIчун Iер-дахар?
– Оцу тIехьа хиъна Iаш ву-кх и шиъ. Цаьршинга хаттахьа! – гIадвахана, велавелира жима къонах.
– ЭхI, Дала дукхадахадойла шу! – самукъаделира Асхьабан а.
– И чолхенаш хIуьттур ма яцара, баккхийчара шаьш лелочун ойла еш хиллехьара! – ша хIинцца дийцинчундегаIийжамца жамI дира кIанта.
– ХIуммаъ дац, тхуна бехк билла сихлой шу-м. Олуш ма ду: къоначарна – хьехамаш, къаношна – бехказбийлар!
– Цунах а кхета тарло, амма тхох дийлина гIалаташ нисдан йиш хиларх, баккхийчарех девлларш доккхачу зуламе доьрзу-кх.
Буьйсана дIаиккхинчу машенах, вота етташ, охьаIеначу догIано долчун тIе а сагатдора.
Хьажахьа, хIара кегийрхой-м, хьанора бу, жимчохь хIокхуьнгахь ца хилла кхетам болуш а, лела хууш а!
Ткъе пхи шо хьалха, хIара санначу гуьйренан цIемзачу буса дара иза а. ХIинца хIорш боллу хьал дара – йоьIан да резавацара захалонна. ТIаккха езаро ша араер ю элира. Йиллина хан тIекхечира. Дагна езарг хьеялайоьлча, сагатделла, шен доттагIий машенахь а битина, кертал дехьа а ваьлла, бешахула, тебаш, йоI ехачу цIийнан коре дIаохьавелира хIара. Чуьра чиркх латийна бацара. Оцу минотехь кор деллалуш а хезна, ша волччохь бIаран стоммачу гIодах дIаийна, са оззийнчохь дIатийра безамо хьалхатоьтту къонах.
Беш хадош дIахьаьдира ший а, амма гена ца делира – когаш кIелара латта дедира.
Миска, ден бертаза ша хIинцца яьккхинчу гIулчо Iадийначу йоIанна дицделлера шен дас бешахь гIу яккхар.
ХIинца таллархочо ижуна биллинчу гурахь санна, ший а гIорасиз доьхна хьийзара готтачу гIу чохь. Орца дохийла а я гIар-тата йокхийла а дац. Цу чуьра хьалавалалур ву бохург аьттехьа а дацара.
– Вайшимма хIун де-те? – дукхахдерг бIаьргашца хаттар дира кхераяларна яхьийначу йоIа.
– Цкъа хьо хьалаяла, новкъахь лаьтташ кIайн «Волга» ю, ахь сан накъосташка хилларг дийца, цара суна гIо дийр ду…
– Со хьала муха йолу? – шабаршца дуьйцург а хазарна кхоьруш ду нускал.
– Сан коьшкала яла… Хьалхе-м дара хIара, делахь а мацца цкъа коьшкала хаориг хилча, тховса дуьйна хуьлуьйтур вай иза! – иштта, шабаре а ваьлла, забар ян гIертара хIокху йоьхначу буса нуц хила араваьлларг а.
Нускал, дош ала а кхиале, доттагIаша кхин хаттар доцуш, мох санна, дадийна марзойн кетIа охьадиллира. Кхераяларо, йохаро дагар а хьадийтина, хоршано егайора йоI. Йоьлхучура ца соцуш, мела хиш Iенош нускал дайча, шекбевлира хIара шайга йоссийна нах.
КIентан доттагIашна тIебирзира:
– ЙоI хIунда йоьлху? Цуьнан бертаза ялийна аша иза?
– Ца ялийна, – боьхна хьийзара нускал схьадалийнарш.
– Асхьаб стенгахь ву?
– Ца хаьа, – кхин а буьйхира уьш.
– Нускале хаттийша, цунна дуьхьалвахара-кх иза… бешахула…
– Хьуна гирий иза? – «ахIи» декъа даханчу нускална гуобиллира массара а.
Накхармозийн вой даьлча санна, чохь йоккха гIовгIа елира.
– ХIей, Iовдалш, цо муха дуьйцу шуьга хилларг? – мохь белира цхьаьннан.
Чохь хаттаре тийналла хIоьттира.
– Цкъа мотт бастийта цуьнга! Тентакаш!
Дадийна деана хи чохь зока нускале дIакховдийра. Эхь хета моттуьйтуш, сетташ Iойла а дацара.
– Мала… – цIийн тIадам байна, кIайделлачу балдашца халла пурба а делла, – гIу чу воьжна… – елхарца юха а Iанадахара нускал.
ДоттагIий сиха иза волчу дIалилхира…
Нуц-м вара, орцанах дог а диллина, хаттах а вуьзна, оцу юккъехула дерзо ваша а вина, милла вала, церг тIе церг ца кхеташ, гуьйриг санна, воьжна Iаш.
Асхьаб и йоьхна буьйса дага массузза йогIу хIинца велахь а,цкъа а йицлур яц йиъна и шело а, ша ишттачу хьолехь волуш Iуьйре тIекхачаран хилла бала а, и Iуьйре ца ган оцу буса ша Деле шена ехна Iожалла а.
– Ваши, схьакхечи вай, кхузахь сацаехьа! Тхо, хье ца луш, юхадоьрзу хьуна!
– Со сиха вац, шайн гIуллакх де аша! Дала аьтто бойла!
ХIорш схьакхаьчна меттиг хIара веха куп яра. Эцца, дехьа урамехь ду цуьнан цIенош а. ЦIаван хьевелча, саготта хир болуш бу. ХIуммаъ дац, сагатделча а…
Амма хIинца Iуьйранлерчу оьгIазлонца яцара-кха и ойланаш а, яппарш а. Шеквийла воьллера шен амалех, леларех. ОьгIазлоно моха етташ, юм эцна, хахкаелла ойланаш а чаболе евллера.
Латийна сирник бете хьушшехь, корехула гинчо дукха цецваьккхина, бага йоьллина цигаьрка логе эккхаза висира Асхьаб. Нускалан кеп хIиттош, кIайчу йовлакхца юьхь лечкъош машенна тIеялориг … хIокхуьнан йоI яра. Совбаьллачу таIамо корта хьовзийра и сурт гинчу ден.
«Хьий, шайтIа-яI! Иммансиз! Ас… ас легаш Iуьйдур… настарш кегйийр… корта цоьстур…», – кхерамаш тийсар юкъахдехира кхидIа гинчо.
Нускал ара а даьккхина, хаза куьг а лестош, хьеший новкъабохург хIокхуьнан гергара зуда яра.
«Ас шинненна дан деззарг дийр ду!» – моха еанера кхунна.
КхидIа дерриге а, гIенах санна, хилира…
Асхьаб машен чуьра ара а ца иккхира, гергарчу зудчунна я йоIанна дов а ца дира…
Иза ша волччохь, коьртара куй таIIош хьаьжа тIе а оьзна, тапъаьлла Iийра.
Кегийрхоша аьллачу метте нускал дIа а дигира…
– Ваши, Дела реза хуьлда хьуна! КъинтIеравалалахь, тхоьгара, ларамаза а, хьайна цатовриг даьллехь! ХIахI, дIалацал, ваши, диканна доккхийла! – олуш, шега кховдийна ахча а схьаийцира.
ХIара-м къинтIера дера велира!
Муха ца волу?
Нийса некъ шега кховдийча, цуьнан кхоччуш мах хадо ца хиъна волу хIара къинтIераваккха хIун дара?
ХIинцца оцу кIанта вийцинчу оцу цхьана йоьIан сонтачу вежарех воьлийла а ма дара хIокхуьнан?!
Кхаьрдинарг шена тIедогIу бохург хIара ду-кх.
«ВаллахIи, ваши… наггахь баккхийчара лелочунна, мел тIекхиа гIоьртича а, тхо, кегийрхой, тIе-м ца кхуьу хьуна…».
Уьш муха кхуьу, шен сонталлех хIара ша кхеташ а ца хилча?
«Тхоьгахь сакхташ лоьху, шайн сакхташ гучохь а ца хуьлу…».
ЭхI, ма бакълуьйш вара-кха и жимха!
И тIекхуьу цIена чкъор талхориш-м хIорш, къанбеллачарех цхьабершма буй.
Уьш шайн хьекъалца дIалела буьтий, алахьа?
«И чолхе хьелаш хIуьттур ма дацара, цхьаболу баккхийнаш шаьш лелочун ойла еш белахьара!»
Дацара дера-кх! ХIара, вир санна, дуьхьалаваьлла ца хиллехьара, хила ма-деззара захало тIеэцна хиллехьара, тховса хилларг хир ма дацара.
Цкъа а дуьйцу хезна хIума дуй, ткъа, хIара?! Да ша шен машенахь йоI маре дIаиэцна вахана!
Дера ма да хьо тIе! ТIедеана даьлча а, дуьйцу ма хаза хьо!
Машен дIа а хIоттийна, чоьхьавелира Асхьаб. ХIусамдена дуьхьала хьаьдира Човка. Йилхина бIаьргаш бу цIийбелла. «Ткъарш-ткъирш» деш, куьйгийн пIелгаш сеттош, маттанна тийсалуш, хьацаран кIур хилла аьшпашца дийца гIерта иза хилларг. – ХIинцца хии-кх суна… и вайн йоI боху хIума… хьаьдда маре яхана… еха ма яхарг... – Юха «ахIи-ахIи» деш, мара ийза йолаелира.
Гинчо, хезначо а гIелвина Асхьаб везза маьнги тIехь вахвелира.
– Дитал хIинца, ма ел гIовгIа, – куьг ластийра цо. – Гергарчу зудчо йоI хаза новкъа а яьккхи, дас неI-сагIина тIе кхаччалц дIа а кхетий… «Шабашка» а хили. Вайшимма-м, хьанора, листа ма-деззара дIалистира дайн шира Iадат!..