Кадыров Рамзан: Нохчийчохь яц "Малхбале" а, "Малхбузе" а батальонаш

Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, 2016

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина "Малхбале" а, "Малхбузе" а лерринчу батальонашкара нохчийн тоба Шема хьажийна бохучунна. Шен Инстаграммерчу агIон тIехь цо дIахьедар дина, цу тайпа батальонаш республикехь яц аьлла.

Нохчийчура эскархой Шема бахийтина хилар харц а ца дина, тIе а ца чIагIдина Кадыровс. Амма Нохчийчохь дIатардинчу эскаран дакъошна цу тайпа омра кхачахь «иза ирсен кхаъ хир бара» аьлла яздина цо.