Шема боьлху нохчийн гайтинчарна а, цига баха ца лиинчарна а - таIзар

Нохчийчуьра Шема тIеман полици хьажош ХангIалахь яккхина видео социалан машанашкахь яржорна бехктакхаман дов айдина, хаамбо Оьрсийчуьрчу «Росбалто» а, кхечу цхьамогIа агенталлаша а.

Цара бахарехь, 5 стаг лаьцна цуьнца доьзна. Хьостанаша дийцарехь, Шема баха нах кечбинчу буьйранчашкара «яьллачу ледарлонна» могIарчу эскархоша яккхина хилла видео.

Иштта Iорабаьлла эскархой Шема бахийта кечбеш ХангIалахь хIоттийна хилла барам. Маршо Радионо дахначу кIиранах гайтинчу эскархоша шаьш яьккхинчу видеочохь гуш дара тIеман министралло нохчий Шема хьовсош буйла.

Кадыров Рамзана а, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векалша а я бакъ а ца дира, я харц а ца дира Соьлж-ГIалара леррина ницкъаш Шема хьовсор.

500 стаг ву Шема хьажийнарг. 12, ваха реза ца хиларна, балхара вохийна, хаамбо хьостанаша.