Путин: Оха Японица ца къуьйсу доза

Путин а, цунна цхьа хан хьалха японхоша совгIатдина жIаьла Юме а.

Японерчу журналисташца къамел деш, Оьрсийчоьнан Токиоца лаьттанийн хьокъехь цхьа а проблема яц, аьлла Путин Владимира. Интервью яьлла Кремлан сайте шинарийдийнахь.

«Япони ю шен Оьрсийчоьне территорин претензеш ю бохуш. Тхо кийча ду иза дийцаре даккха», - аьлла президенто «Ниппон» телекомпанига а, «Иомиури» газете а.

Японино кест-кеста аййо Оьрсийчоьнца листаза юьсу дозанийн юкъаметтиг.

«1956 шарахь тIом сацорах бина барт», амма Японино «гIитториг 4 гIайрех долу хаттар ду, ткъа иза кхин ситуаци ю», - аьлла Путина. Интервью цо елла ша Японе визитца ваха кечлучу юкъанна.