Шайх Цечоев Iиса венза ваьлла

Тахана Iуьйранна вевзаш волу гIалгIайн Iеламча Цечоев Iиса вен гIоьртина, хаамбина "Magas Times" газето. Iаьли-Юьртахь меттигерчу бахархоша лаьцна, полицин каравелла куьгбехкениг, ткъа цуьнца хиллачийн аьтто баьлла бовда.

Массех шо ду Цечоев, цуьнан дин лелорах шен хьажам хиларна, ГIалгIайчуьрчу цхьаболчу Iеламчаша а, политикаша а резабацарш даржаден. Дуккхаза а цунна шайн резадацар довзийтина Нохчийчуьрчу муфтиятан векалша а, Кадыров Рамзанан гоно а.