"Массо а "завалить" вина, дика гIуллакх хилла" (аудио)

Де делкъене лесташ а, тIаьхьо а Соьлж-ГIалин Старопромыслан кIоштахь шина машенахь хаабелла герзахой леца араяьллера полици. ТIаьхьо оцу кIоштарчу кешнашна гергахь герзийн кхиссарехь вийна полицино 5 стаг, 1 дийна каравахана.

Your browser doesn’t support HTML5

Полицин рацера 1-ра къамел

Your browser doesn’t support HTML5

Полицин рацера 2-гIа къамел

Your browser doesn’t support HTML5

Полицин рацера 3-гIа къамел

Хаам баржийна мехкан администраторо Кадыровс. Яхначу буса 4 вуьйш, 2 лоцуш дIаяьхьначу операцин тIахьало ю кIирандийнаниг, аьлла цо "Интерфаксе".

"Кавказан Узеле" Нохчийчоьнан полицера бинчу хаамца, 4 полисхо а велла кIирандийнан тIематасадаларехь, ТIемалошца уьйрахь хилла аьлла, лаца лохуш ву полицино кхин а иттех стаг.

Буса виъ а вуьйш, лаьцначу шиннах цхьа ю, хаамбарехь, 18 шо долу йоI Мадина. Дарбан цIийнехь лоьралла деш цуьнан ког баьккхина, хаийтина полицино.

Буса байинчийн цIерш ю Ильясов Мохьмад, Альтемиров Ислам, Исмаилов Сайд-ИбрахIим. Лазийна лаьцна Юсупов Асхьаб. Ткъа дийнахь вийначу 5 цIерш цкъачунна ца яьхна полицино.

Лаца кхайкхийна 20-22 шераш долу Мамаев Истамул, Мажаев ИбрахIим, Минтаев Хаматхан.