Your browser doesn’t support HTML5
Шоьтан а, кIиран а деношкахь Соьлж-ГIалахь а, цуьнан йистошкахь а ницкъаллийн стурктураша дIахьош хилла операци йирзина аьлла дIакхайкхина Нохчийчоьнан Iедалша.
Иштта цара далийна оцу жамIан терахьаш: 7 тIемало вийна, кхиъ 4 дийна каравеъна шайна аьлла.
Цуьнах, шен Инстаграммехь хаам бо республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Байинчу оцу кегирхойн тобанна юккъахь ву Мажаев ИбраьхIим. И доьзал низамхойн тидамех болу масех шо ду.
Ши шо хьалха, ИбраьхIиман воккхах волу ваша Мажаев СаIид, Шемахь эха шарахь тIом а бина, юха дохко а ваьлла, цIавирзинера.
Иза набахтехь еха хан а ца йоккхуш, мукъаваьккхира, Соьлж-ГIаличуьра аравала бакъо йоцуш, когах тесна электронан буржал а йолуш.
Оцу доьзалца тахана а зIенехь ю бакъоларъярхо Саратова Хеда. Цо Маршо радиога дийцира цуьнах лаьцна.
Саратова: «Церан 5 кIант ву. Жимах волчун 13 шо ду. Мажаев СаIид шолгIа кIант ву. Шема вахана аьлла, иза цIавирзича цунна хан а тоьхна, чувоьллира иза. Еха хан ца яьккхира цо. Студенташна а, дешархошна а хьехамаш бора цо, цига ма гIахьара шу бохуш».
Оцу тобано динчу тIелатарехь байинчу низамхойх, ма дарра ца дуьйцу официалан хьукматаша. Церан версица цхьа полисхо вийна, кхин цхьаъ лазийна.
Ткъа дозуш доцучу хьосташа чIагдарехь, мел лаххара а 4 белхахо вийна ву оцу операцехь. МажаевгIеран 5, кхиъ 4 кIант волчу доьзалехь сингаттам совбаьлла.
И кегий нах, цхьа а дуьйцуш хIума а доцуш, цIеххьана ара а бевлла, Iедалхошна дуьхьал бовларан бахьана иштта хета шена, аьлла кхин дIа а дийцира Саратова Хедас.
Саратова: «Уьш Iаш болу меттиг «Старый поселок», «Шанхай» олуш ерш ю. КIошт ша йоккха а ю. Шортта харцахьа лелаш бераш а дара. Оцу нехан балхаца а, таронца а цхьаъ дина хиллехьара, ца хила а мегара и хIума. Социалан бахьанашца хилла дуй теша и хIума, аьлла хета-кх суна».
Ши шо хьалха Мажаев СаIидан тIехь йоьдачу кхелах дийцинера Маршо радионо. ХIетахь, цуьнан а, хIинца вийначу ИбраьхIиман нанас Мажаев Яхитас иштта къамел дира.
Мажаева: «Сан кIант цига вахана ца хиллехьара, суна хIара сингаттам а хира бацара. ЦIавеъча, шена тIеваха лаьа аьлла, шена уллехь дехой а болуш, тIевахара иза. Кхин дIа болчу кегирхошка ас эра дара, шайн нахана, шаьш бахьанехь сингаттам а ца беш, шайн махкахь Iийча гIоле ду шуна, аьлла. Изза оцу кIанта а боху-кх».
Оцу хьехаме ла ца доьгIна цуьнан вукху кIанта ИбраьхIима.
ХIинца МажаевгIеран виъ ваша а, да а, ден вежарий а дIалаьцна Старопромыслан кIоштан полицин декъехь латтош бу.