Куьг кIамделла хьехархо а, дов лоьху дешархо а...

РогIера хьехархо кхела хьалха хIоттош ю Нохчийчохь.

Your browser doesn’t support HTML5

Куьг кIамделла хьехархо, дов лоьху дешархо...

Нохчийчохь хийра дац, хьал-таро йолчара, лаккхарчу даржех боттабеллачара, цхьацца бехкаш кхийдийна лецначу бахархошна а, зуламдай бу бохуш байинчу нехан гергарчарна а, жима-воккха ца къестош, я дуьххьал дIа муьтIахьалла гайта хьебеллачу Iедалан балхахь болчарна а етташ, тухуш тIеIаткъам бар.

Иза хийра-м муххале а дац, мелхо могIарера гIуллакх ду ала тарлуш, гIайгIане ламаст ду.

«Кхечарна мегарг шайна стенна ца мега» аьлла хеттехь а, дешархошна тохар, еттар бахьнехь, кху тIаьхьарчу хенахь хьехархой а бу махкахь юкъ-кара жоьпе ийзош.

РогIера меттиг нисьелла Шелковск кIоштан Червленная, ткъа нохчаша Эрз-гIала олучу эвлахь.

Дешархочун куьйгах дечиг тоьхна аьлла, дуьхьал бехктокхаман гIуллакх а долийна кхела хьалхо хIотто хьовзийнарг ю историн хьехархо Вахабова Мадина.

Шайн кIентан куьг лазор дазделла прокуратуре арз чуделла дас-нанас.

Ала дашна кхушеран бIаьстенан юьххьехь чеха а деш, урокехь шина берана йиттина аьлла, балхара йоха а еш таIзар динера Шелан кIоштехь цхьана хьехархочунна а.

Дукхахболчу бахархоша доьшийлехь берана тохар, маггане а магийта йиш йоцуш, кIоршаме низам талхор а, бер кхетош-кхиорехь хьехархочун гIорасизалла а лору.

Делахь а охьатаIIийна латточу хьехархочун хьолах кхета а хьевсина, Iедале а ца доккхуш дIадерзийнехь, цу дена-нанна а юьхькIаме хир дара аьлла хьажам берш а бу дукха. Царех цхьаъ ву Шелковск кIоштера Висаитов Iаьли.

ХIинца хьехархо охьатIаIийна латтош ву

Iаьли: «Массо цхьана хенахь ишколехула чекхваьлла ву-кх. Хьехархочо тоха а тухура,човха а вора. Ишколехь тоьхча, тоьхна ала а ца ваьхьара хьалха, стенна аьлча, хьехархо чIогIа лераме стаг вара.

Ахьа цIахь дIааьлча, мелхо а хьуна хIума тухура, хьо лартIахь леллехь тухур яцара олий дов дора а.

ХIинца хьехархо охьатIаIийна латтош ву. Кхечарна тIаьхьа нехаш а, кхаьллаш а хьехархочуьнга схьалехьайойту.

Сан накъост ву хьехархо. Хьере а бина латтош бу-кх уьш. Баха безахь а, бахка безахь а массо метте уьш бу дIахьежош. ХIинца оцу Червленехь а ю хьехархо чуйолла хьийзош, берана тоьхна аьлла.

И бер Iовдал хеттий, оьшуш я атта хеттий тоьхна хир ю аьлла ца хета суна. ОьгIаз яхханчохь даьлла-кх цуьнгара иза! Хьехархочо бераш къестош доций хаьа суна. Кхела хьалха а хIоттош, аьхаза а бевлла, оццул гена ца даьккхинехь мегар ма дара! Шайн берана тIе а хIиттина, оцу хьехархочунна-м таIзар дийр хир ду цара, амма кхана дохко-м бевр бу уьш…»

Ишколехь берана хьехархочо тоьхнера аьлла, куьг бехке лоручуьнан гIуллакх суьде кхачор вайнехан гIиллакх-амалца тарлуш доцу, церан тайпана а тIейогIучу ханна тамехь хиндоцу томмагIа лору цхьаболчара.