Керла шо даздан меттиг хIинца а билгаляккханза болу Оьрсийчоьнан бахархой Нохчийчу хьошалгIа кхойкху мехкан куьйгалхочо. Нохчийчу баьхкинчарна туьйране хьал хIотто чIагIо йо Кадыровс.
«Соьлж-ГIала а, йоллу Нохчийчоь ю шуьга хьоьжуш!» аьлла, дIакхайкхийна куьйгалхочо. Цунна хетарехь, шеран уггар коьрта, сатийсаме деза де - Керла шо даздан тоьлла меттиг ю Нохчийчоь. Инстаграмерчу шен пенатIехь мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина, Оьрсийчуьра махка садаIа оьхучийн терахь «бIеннашкахь, эзарнашкахь» ду аьлла.
Регионерчу туризман комитетан терахьашца, дахначу кIирандийнахь Нохчийчохь хилла 30 туристийн тоба.