Your browser doesn’t support HTML5
Мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, шира шо яханчу хене а дерзош, Керла шо хьакъ ма-дду тIелаца а тамаше хаза, туьйранахь санна хьелаш деза.
Цунна моттарехь Нохчийчоьне а кхочуш кхин куьце, исбаьхьа меттиг хуьлийла а дац керла шо лераме тIелаца.
Цо билгалдаккхарца Оьрсийчуьра эзарниш хьеший кхочу республике садаIа, Iаламан хазаллех самукъадаккха. Цо чIагIдарца беккъа цхьана кху ГIуран беттан 18-чу дийнахь баьхкина Нохчийчу Сахалинера, Петарбухера биста кхаччалц, 500 сов туристаш.
«Соьлжа-гIала а, Нохчийчоь а шу кховчаре хьоьжуш ю».
Ишта шатайпа кхайкхам бина мехкан гIантдас интернет машанехь. Бакъду, цо урхалла дечу махка мел дукха хьеший дIататталур бу ала хала ду.
Стенна аьлча, кхечарна, хьал ца хуучарна хаздеш, марздеш синтемах, токхонах дуьзна дахар а долуш, кху чохь бехачара мукIарло дарца, царна тергаллуш дерг кхин дуьне-дахар ду – ладегIаме, хIуъу а, хьаьнцца а хила тарлуш.
ХIинцца - хIинца нисделла кхузахь герзаш детташ вер-ваккхарш. Цул тIаьхьа дIадехьна итаннашкахь могIарера бахархой сецор а, лецар а.
Стенна лоьцу а ца хууш кху деношкахь ницкъаллин структураша ткъаннашкахь дIа а гулбина, барт-хаттам а бина, «кхета а бина» мукъабаьхна кегийрхой.
И дерриге а гуш а, хууш а болчу могIарерчу махкахошна моттане а ца моьтту кхечу кIошташкара адам садаIа а, самалха далийта а Iалашонца Керла шо даздан кхуза богIур бу аьлла.
Ишта хьажам болчех цу хьокъехь вист хилла Гуьмсан кIоштера Гилани а, Виса а.
ЛртIехь верг вогIур вац кхуза Керла шо даздан
Гилани: «Делдахь суна-м ца хета кхуза богIур бу аьлла. ЛартIахь берш –м богIур бац. Деза де ду аьлла, маларх хIумма а лело йиш яц аьлла.
Эцца Пятигорскехь,Моздокехь,Ставропол махкахь миччахьа а гIолехь мА ду кхузахьчул. Кхуза хIун аьлла богIур бу… Тхо девзаргга-м вогIур вац».
Кхузара сурт девзаш берш-м богIур бац
Виса: «Вер-ваккхарш а хуьлуш лаьтта. Керла шо даздеш делахь, ур-аттал ишколехь берийн духаршна а дозанаш детташ ду, ишта хила дезий, вуьшта хила дезий бохуш…
Юккъехула тIаме бига кечбеш а бу. Кхузара сурт девзаш берш-м богIур бац».
Мукъа деношкахь, масала пIераска дийнахь делкъалтIаьхьа дуьйна чот йоцуш дукха адам машенашкахь Ставропол махкахула дIататтало сакъера боху дозанехь вехачу Новр кIоштерчу вахархочо Мусаев Хьусайна.
Мелхо а, кху чуьра адам ду-кх арадолуш
Хьусайн: «Соьга хаьттича дукха нах богIур бац кхуза сакъера.
Со-м вогIур вацара, сайн цIахь Iийр вар-кх. Мелхо а кху чуьра дIаоьхуш а, уьдуш а бу-кх нах. КIиранна юьххьехь мел дукха адам арататтало хаьий хьуна! Нахана садоIийла ма еза! ТIаккха керла шо даздан кхуза муха муха богIу?»
Дукха бахархошна хетарехь, шайн лаамехь Керла шо билгалдаккха Нохчийчу богIу берш кIезиг бу. Лакхахь дагардина кхераме бахьанаш доцуш, туристаш кхуза бахка саготта хирг цахиларан коьртачех цхьа бахьана ду Нохчийчохь маларш маьрша цахилар, дихкина, къедина хилар.
«Малар доцчохь оьрсийчуьнан я кхечеран хIун самукъа дер ду? Керла шо цара тIе муха оьцу шайн сих-цIийх доьлларг а доцуш куьйга кIел?»
Ишта ойла ю дукхачеран.
Цхьаболчарна хетарехь Нохчийчу бахка тарло туристаш нагахь Iедало гIо а дина, царна путевкаш олу бакъонаш нисйинехь, кхузахь Iар а, юург-мерг а, бахкар а, дIабахар а маьхаза, Iедалан чоьтах а долуш.