Your browser doesn’t support HTML5
Самара кIоштера 200 полисхойх вовшахтоьхна тоба гергарчу хенахь Нохчийчу новкъа ера ю. Ах шо доккхур ду цара, махкахь уггаре а хаза лоручу кIоштахь-Веданахь.
Лаьмнашна юккъахь, сирлачу шовданаша а, цIена хаваъо кийра а бузош, исбаьхьа Iаламо бIаьрг хьостуш, доккхур ду цара цигахь 180 де.
ТIаккха уьш, оцу «хала балхо гIелбина» цIабахча, кхиберш балор бу, махкахь къепе латтадан олий.
Ткъа, оцу юккъехула нохчийн полисхой Шема тIом бан бахийта кечам беш бу. И хIума тамашийна хета Нохчийчохь.
Стенна ца буьту нохчий цIахь, ткъа кхечу регионашкара полисхой Шема хIунда ца буьгу?
Оцу хаттаршна жоп дац, амма тIебаьхкина эскархой Нохчийчохь оьшуш бу аьлла ца хета шена элира, ша а низамхо болх бечу, шен цIе ца яьккхар дехначу вахархочо.
Низамхо: «Схьабахкош болу оьрсий, суна кхузахь оьшуш бац аьлла хета. Вайн а ма бу и белхахой. Оьрсийн эскархой шайн тIеман дакъошкахь Iа. Ткъа, мел йолчу операцешкахь вайн белхахой хуьлу дакъалоцуш».
Оьрсийн эскархой а, полисхой а Нохчийчу эхар-церан белхан декхарш хиларх кхета юккъаралхо Мадуев Леча.
Амма жим-жима схьабалош, церан терахь бухахь болчарелла лакха ма даккхахьара, аьлла дийцира цо.
Мадуев: «Исторехь хиллачу масалшца цхьа тера хIума ма лохий. Хьалха тIом болчу хенахь, нохчийн фашисташца тIом бечу хенахь, церан къам дIадохийра. Къона а, герз лело ницкъ берш цхьанахь дIа а хьажийна, динера иза. Цхьа дукха малделла аьлла хета суна».
Оьрсийн эскархойх мохк цIан хIунда ца бо, бохучу хаттаро шен сагаттадеш, социалан таллам а бина юкъаралхочо мадуев Лечас. Иштта жоьпаш лора шега элира цо.
Мадуев: «Нохчий бохор бу аьлла хетий хьуна, аьлла хаттар делча, жоп лора, хIара кхин зама ю, Iедало иза дийра дац аьлла. ШолгIа жоп лора, Сибре а, Геннара Малхбале хаьалюзуш цхьацца федералан программаш а ю бох беш».
Нохчийчура Iедалша хьалха сих-сиха айдора, Оьрсийчоьнан регионашкара низамхой бахкор сацийча хIун дара теша олий.
И нах, шайн цIахь а хира бара шайн доьзалшцани; Нохчийчохь долу къепе меттигерачу ницкъашца латталура ю бохуш федерала Iедалшка сигнал лора Соьлж-ГIалара.
Амма иза дукха дийцича, цунна терго еш йоцун дела, и гIуллакх тесина дитина. Цундела, шуьйра, ма хуьллу йиллина ю царна неI, кху тIаьхьарчу 20 шарахь.