Венехь йоьрзуш ю овхIанхойн, нохчинй кхел

Еарийдийнахь Венерчу кхелехь тIаьххьара дош эр ду кхелахоша овхIанхойн, нохчийн вовшашца кху шеран Заздоккхучу-баттахь иккхинчу конфликтах. 50 гергга овхIанхоша социалан машанехь дош дашера далар бахьанехь тIелатар дира 7 нохчочунна.

Оцу хиламехь чевнаш йинера нохчашна. Кхачо йоллу талламаш а бина, тахана кхело бовзуьйтур бу шен сацам.