Караулова Варварина 4,5 шо хан кхайкхийна

Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета йоьдучуьра лаьцначу йоIана Караулова Варварина Москохарчу тIеман кхело еарийдийнахь бовзийтина шен сацам. Иза бехке а йина, набахтехь яккха 4,5 шо хан кхайкхийна цунна.

Кхелан дийцарш дIахьочу хенахь пачхьалкхан бехкевархочо дIахьедира, Караулова бехкехиларан тоьшаллаш чIагIдина хиларх.

ЙоI бехказаяккхар дийхира цуьнан адвокаташа.