Латархочунна Мирзаев Расулана тIелатар дина Москох

Мирзаев Расул.

Ийна тасадаларшкахула волчу латархочунна Мирзаев Расулана тIелатар дина Москох. Мила ву ца хуучу кхаа стага Восточная урамехь, тапча тоьхна чов а йина, йиттина спортхочунна. Цул тIаьхьа къайла бевлла уьш.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, Мирзаев госпитале охьавиллина.

2012 шарахь Москох спортхочунна Мирзаевна ши шо хан туьйхира, ларамаза студент вийна аьлла