Журналист вийна ГIалгIайчохь

Кокурхоев Амир

Сунжан кIоштан администрацин зорбанан секретар Кокурхоев Амир велла дарбанан хIусамехь, уьрсан чов хилар бахьана долуш. Меттигерчу полицино бинчу хаамца, журналистана тIелатар дина цуьнан лулахочо.

«Интерфаксо» дийцарехь, урс тоьхна лазийна волу Кокурхоев Амир дIакхачийнера реанимаце. Амма дарбанан хIусамехь кхелхина иза.