РохIингия къомах болчу бусулба нахана гIо дан вахана адвокат Мусаев

Мусаев Мурад

Вевзаш волу Оьрсийчура нохчийн адвокат Мусаев Мурад Мьянме вахана, цигахь хьийзочу рохIингия къомах болчу бусулба нахана гIо-накъосталла далур дацар-те аьлла Iалашо йолуш.

И нах хьйзош берш бу буддисташ-радикалаш. Кху миноташкахь и къам дехачу кIошта воьдуш ву Мусаев кеманца.

Мьянман Янгон гIаларчу кеманпортехь Мусаев волуш цуьнца интервью йина Маршо Радионо. Иза кечйеш ю кху сохьта зорбане яккха.