Коммуналан декхар гулде рейдаш йолийна Нохчийчохь

Public raids in Chechnya

Коммуналан декхар гулдарна масех иттанашкахь Устрада-ГIалин бахархой ток йоцуш бисина аьлла, хаамбина «Чеченэнерго». Кху кIиранах коммуналан белхахоша йолийна декхарш схьалехьоран рейдаш. Бахархоша дийцарехь, декхаран ах дакъа дIатекхча а ца бовлуьйтуш, 10 де хан лора коммуналхоша дисинарг тIедала.

Iедалхоша дIахадийна ток, шайн лаамехь юха дIатесначунна 15 эзар сом гIуда туху. Коммуналан ял схьагулъен рейдаш мехкан массо а кIошташкахь дIахьош ю.

«Чеченэнерго» организацин белхахоша дийцарехь, токах бахархоша тIехьарчийна 800 миллион сом.