Your browser doesn’t support HTML5
Вуьшта а ладегIамах, гIайгIанах доьттина дахар ловш, гуш Iачу нохчашна бале а, лазаме а баьлла Юххерчу Малхбалехь, Шема пачхьалкхехь кхехка тIом.
Мел бу а ца хууш цигахь, цу хийрачу тIамехь, эгна а, оьгуш болу а кегийрхой боцуш, чаккхе а йоцуш кхела хьалха а хIиттош, таIзарш деш ду цу тIамах чамбаьлла цIехьа бирзинчарна а, цига кхача ца луш, новкъара юхабирзинчарна а.
Цул сов, таIзарх хьалха буьтуш бац юххера гергара стаг ган а гина, аьтто балахь, дохко а ваьккхина и цIа а вало дагахь цунна тIаьхьа а бахана, амма дехьа а ца бовлабелла, дозанера юхабирзинарш а.
Царех, цу тIаьххьарчех, цхьаъ хуьлчух тера ду Теркйист кIоштан ЧIулга юьртара яхархо Умиева Хьава а.
Цунна дуьхьала а долийна Iаьрбийн пачхьалкхера тIом бахьнехь бехк токхаман гIуллакх. Долийна, талламан комитетан говзанчаша и бехке ца а лоруш, мукъаюьтуш сацам биннашехь.
Делахь а, хийла низам талхор тергамза дуьтуш Iачу кIоштан прокуратурана и зуда жоьпе цаозор гIалат хетта. Официалан Iорадаккхарца низам талха ца дойтуш, цунна тешаме хила ша йина байIат-чIагIо ларьеш, само йинарг ву кIоштан прокуратуран гIовс Барабаш Дмитрий.
ХIайттархо иза а волуш кхела хьалха хIотто хьийзош ю Умиева Хьава. Цхьаболчу юьртахошна моттарехь шина беран нана йолу и зуда лаца а, чуйолла хьийзо а цуьнгара даьлла хIумма а дац майра волчу кхача гIортар доцург.
И тIамца гIуллакх доцуш зуда хилар хьокъехь мукIарло дечех ю цигга юьртара Хьаваши.
Хьаваши: «Суна прокуратуро лелориг лартIа ца хета. Иза, цкъа делахь, марехь зуда доьзал а болуш. Шема тIамехь верг къайлаха вахана цуьнан цIийнда ву. Цо кхайкхина яха гIоьртина и миска цига. Иза дIакхаьчча а ма яц. Яллане дехьа а ца ялаелла, харж йина схьаеъна.
ШолгIа ала луург хIун ду. ХIун дара аьтто а хилла, и зуда дехьа яьллехь а? ТIом бан йоьдуш яра иза? Яцара дер-кха! Аьттехьа а бакъ ма дац иза. И чуйолла стенна хьийзайо? Цо мила вийна? Шен гергара стаг ган а, нах ган а, цаьрца луьйш-олуш марзо эца а, дуьненан мичча маьIIе а дIа ца доьлху вай? Соьга хаьттича цу йоIе кхийдориг харцо ю-кх».
Шема пачхьалкхе яха гIоьртинера аьлла, чуйолла хьийзош йолчу шен юьртахочух дийцинчу Хьавашина хетарехь, гергара стаг ган лаам хиллачу яхархочуьнга бехк кхийдабар челакхалла ю. Ма-дарра аьлча шен хьажамца цхьа яц Хьаваши.
Генарчу Шема пачхьалкхан тIамца дозаделла бехк токхаман гIуллакхаш доладар могIарера хилам а хилла дIахIоьттина низамхойн урхаллехь.
Иттаннашкахь багарло кхела хьалха а хIиттош, таIзарш динарш. Иштачех, рогIера бехк токхаман гIуллакх шена дуьхьал схьадиллинчех ву Сасуев ИбрахIим.
Низамхоша Iорадаккхарца Сасуев ИбрахIим леррина кечам бечу цхьана билггалчу меттехь,шен хаарш дебош, говзалла лакха а яьккхина кхаьчна Шемарчу тIаме.
Цу хийрачу тIеман декъашхой жоьпе ийзабар тIехь само ярал сов, мехкан прокуратуран низамхоша гуттар а тидам-тергонехь латтош ду тIамца, сепаратизмаца мел дозаделла, цхьа кIадбоццу хIума а лерина, тидаме эццал мехала ца хета тарлург а.
Масала, кху тIаьхьарчу хенахь чIогIа бIаьргаIуналлехь латтадо прокуратуро интернет машанехь хуьлуш дерг а.
Цу чухула зуламе кхайкхамаш беш, цабезам, мостагIалла даржо гIортарна бехк токхаман гIуллакх долийначех цхьаъ ву Килоев Муса.
Ша хьахо йогIу, схьахетарехь, тIамах лаьцна дуьйцуш йолу иллиалархочун Муцураев Тимуран эшарш. Уьш бахьнехь, аьлчи а уьш тIе язйина йолу дискаш олу экъанаш юхку аьлла, прокуратуран хьалханча а йолуш, хаддаза жоьпе ийзош бу киг-мерза йохкаэцархой.
Цхьаъ ду хьаам бийриг – цу кепара низамах боьхнарш чу а ца бухкуш, 2 эзар сом гIуданаш а детташ битар. И токхам бан цалуург я таро йоцург ву чувуллуш 15 де-буьйса даккха.
Царна ишта тIеIаткъам бан аьтто беш некъ баьккхинарг ю, хууш ма-хиллара, Кемеров кIоштера суьдхой. Цара бина сацам Муцураев Тимуран 20 эшар экстремизман хьу-чулацам болуш ю аьлла.
ХIетахь дуьйна маьрша дац цуьнан эшарш тIехь йолу экъанаш йохкар. И бахьнехь боккха болх баьлла низамхошна а.
И тайпа сацам цхьа кIорге йоцу, беламе хIума санна тIеоьцу цхьаболчу бахархоша а, Оьрсийчуьра юкъаралла дийцарехь а доцуш евзаш болчара а.
Стенна аьлчи царна моттарехь.Муцураев Тимуран эшарш гIан ду а моттуьйтуш бехке чулацам болуш а, цу тIе маьттаза, оьзда боцу, боьху мотт буьйцуш ека эшарш барам а, чот а йоцуш дукха ю тайп-тайпанчу хIаамийн гIирсашкахь, Оьрсийчоьнан ду бохучу телеканалашкахь а.