Джулиани Рудольфна дарж луш ду Трампа

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн хаьржинчу президенто Трамп Доналда Нью-Йоркан мэр лаьттина Джулиани Рудольф доларчу компанешкахь кибер-кхерамзалла латтон эксперт хIотто хьалхатеттина.

Трампан пресс-гIоьнчаша хаамбо, долахойн секторехь кибер-кхерамзалла латторах а, шайн долахошна оцу тIехь карош болчу некъах а дерг довзуьйтуш, дагавер ву юкъараллехь Джулиани.

Карарчу хенахь Джулиани Рудольф Greenberg Еaurig, кибер-кхерамзаллин гIуллакхашкахула йолчу компанин куьйгалхо ву.