Чергизбиев Имампаша: "Ас баркалла олу кхолламна"

Чергизбиев Имампаша, жайнин автор

Дагестанехь вехачу нохчочо, цигахь Iедалан белхашкахь леллачу Чиргизбиев Имампашас язйина книга зорбане яьлла кестолгIа. Цу тIехь цо дуьйцу, нохчий махках бахарх, юха даймахка берзарх а, цул тIаьхьа лайначу тIеман Iазапах а.

Your browser doesn’t support HTML5

Чергизбиев Имампаша "Ас баркалла олу кхолламна"

Чергизбиев Имампашас шен дахарех лаьцна язйина жайнина цIе «Ас баркалла олу кхолламна», аьлла ю. ЦIарца а къаьста, 80 шо долчу цо мах хадош буйла шен дахаран.

Даима Iедалан лаккхарчу белхашкахь леллачу цуьнан, шортта дийца ду. И дагалецамаш дуккха а боьзна бу цуьнан Нохчийчоьнца а.

Юкъахь лелла иза, шинна тIеман юьххьехь, иза ца болуш дийцаршца дерзалур дацара теша бохуш.

Сацо ницкъ шен ца тоьанехь а, тахана майрра ала йиш ю цуьнан, шех хькхалуш бацара иза аьлла, цIахь паргIат ца Iийна иза.

Радуеван тобано Дагестанехь тIелатар а дина, Первомайск юрт дIалоцуш а закъалтхошна юккъе, шен лаамца вахана хилла иза.

Ша дерриг ма дарра дуьйцу цо шен йозанашкахь. Дукхаъчарна хууш хир дац, Первомайск эвла дIалаца лууш лаьцна яцара тIемалоша. Нохчийчу дIабохуьйтур бу аьллашехь, и омра доллушехь, оьрсийн эскархоша шайн агIор дерзийнера иза.

Масхадов Асланца, шолгIа тIом эккхале дукхаза цхьанакхетарш дина ву Чергизбиев Имампаша. Басаевн тоба Дагестана чуяханчу хенахь, ша теш а волуш, емал динера Нохчийчоьнан президента, бохуш, билгалдоккху цо шен жайнехь.

Чергизбиев: «Басаев а, Хаттаб а, Дагестанна тIелатар дича, тхан куьйгалхочо со Масхадов волчу хьажийнера, иза реза волуш хилла ду, я дац аьлла хатта. Ша реза волуш дина а дац иза, ша митингехь цуьнах аьлла а элира соьга.

Ас телекамеритIехь къамел дича дика хир дара, Дагестанехь дIагойтур дара аьллера. Ша телефонца вистхир ву Дагестанан куьйгалхошца, элира. Амма цхьа кIира даьлча, дIахьедар дира цо».

Масхадов Аслана дина дIахьедар а ду ма дарра дуьйцуш оцу книги тIехь. Цо емал бинера Къилабседа Кавказерчу мехкийн дай, цара нохчий ма байа аьлла Оьрсийчоьне кхайкхам ца барна.

Юхь-дуьхьала хаза къамел до аш массара а, ткъа, букъ тIехьашхула, накъосталла дийр долуш дац шу. Ас, Дагестанерчу Iедале къинтIера довла ца дехна, церан дозанера яккхий тоьпаш а етташ, беракеманашца тIелатарш Нохчийчоьнна дина аьлла.

Суна вайн доттагIалла деза хета, бохуш шен бала белхийнера цо.

Хилла Чергизбиев Имампаша хьалхара тIом болабелчу хенахь, дагестанхойн Iедалан цIарах, Дудаев Джохаран тIевахна а. Шена хетарехь, Дудаев кийча вара, тIом кхин дIа а ца бахбеш, маьрша дийцаршна, амма, цунна уллехь а бара тIамна кхайкхамаш беш болу нах, аьлла кхин дIа а дийцира Чергизбиев Имампашас.

Чергизбиев: «1994 шарахь ГIура-беттан 29-чу дийнахь со Дудаев волчу вахара Соьлж-ГIала. Президентан шахIарехь бухарчу чоьнехь тIеийцира цо со. Ас беана некъ дIабийцира цуьнга. Дагестанера куьйгалхочунца цхьана а кхетта, цул тIаьхьа, Ельцинца а цхьанакхетар дан мега аьлла.

Тхоьца чохь вара Яндарбиев Зеламха а, арахьарчу гIуллакхийн министр Юсеф Шамсудди а. И ши а суна тIечевхира, оха тIом бийр бу, аьлла. Дудаевс соьга дехар дира, цхьана минотна ара валий, ша цаьрга вистхилийта аьлла. Суна чохь хезаш дара, цара вовшех реза боцуш къамелаш деш. ТIаккха и ший а ара а ваьлла, дIавахара.

Дудаевс соьга элира, ша реза вацара хьалхе дуьйна, шена тIом хIун ю хууш ду аьлла. ДIала Магомедовга, ас иза тIе а лоцур ву цхьанакхетар дан, цуьнах жоп а лур ду, ша реза а ву оцу некъана, аьлла».

1997 шарахь, ГIура-баттахь Дагестанехь дIалаьцнера Нохчийчура 7 журналист. Уьш цига баханера белхан гIуллакхца, Казбекан кIоштехь хиллачу тIеман тасадаларах материалаш ян.

Чергизбиев Имампаша, ша язъйинчу книгица

ДIакхаьчначу дийнахь дIалаьцнера уьш меттигерачу милцоша. 9 дийнахь мичахь бу а ца хууш, латтийнера. ГIура-беттан 31 -чу дийнахь, мукъабехира журналисташ. Уьш паргIат бахарехь ондда болх бира Чергизбиев Имампашас а.

Доккха ша язйинчу жайни тIехь доккха дакъа дIалоцу Аухан кIошт юхаметтахIоторан лаамехь.

Тахана а, оцу харцонна кIелахь беха Дагестанера нохчий, боху цо. Шортта документан тоьшаллаш а ду автора далош.

Тахана Аухан кIошт юхаметтхIоттийча, Нохчйичоьнах иза дIатоха хIуттур бу, бохуш хабарш дуьйцу дагестанхоша, шаьш юккъедаьхна, аьлла хета Чергизбиев Имампашин.

Цо язйинчу «Ас баркалла олу кхолламна» книгитIехь, хIетахь хииллачу заманан мах хадорехь лаккхара мах хадийна ешархоша.

Дуьххьара дIа, иза маьIне ю, цу тIехь шортта цхьанхьа а ца хилла документаш а, кхин долу тоьшаллаш а зорбане дахарна.