Якутерчу «Сахафильмаца» цхьаьна кино йоккхур ю «Чеченфильмо»

Нохчийчоь -- Нохчийчохь йоккхучу кинохь рол ловзош ву Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 13 Гезг. 2014

«Чеченфильмо» а, «Сахафильмо» а цхьаьна кино йоккхур ю гергарчу хенахь. Якутийн а, нохчийн а кинон белхахоша дийцарехь, хIора шарахь цхьацца кино яккха дагахь бу уьш.

Цу тайпа барт бина Нохчийчоьнан «Чеченфильман» векалша а, Соьлж-ГIала баьхкинчу Якутин «Сахафильман" векалша а.

Стенах лаьцна хир ю якуташа а, нохчаша а цхьаьна йокхур йолу кино цкъачунна дуьйцуш дац.