Your browser doesn’t support HTML5
Керлачу шарца хийцамаш бан Iалашо тIелоцу хIора а стага шен дахарехь. Ша ду, нагахь санна и хийцамаш шен лаамехь беш белахь цо, Iедало нуьцкъала тIедожош а доцуш.
Кху деношкахь Маршо Радиога бинчу хаамашца, керла бусулба зудчун дресс-код юха а йийцаяьккхина Нохчийчуьрчу къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министралло.
Хьалхо бах-бахарехь дуьйцуш хиллехь а, хIинца оцу урхалло кехатца буьйр дина шен Iуналлехь йолчу хьукматашка, кху карадеанчу шарахь дуьйнна балхахь хьиджаб лелор тIедожош.
Оцу духаре берза лерина боцучийн пусар а ца до, балхара шайн лаамехь санна дIабовлуш кехат буха куьйг язде боху хьаькамаша.
Тхоьга бечу хаамашца, оцу керлачу духарна резабоцурш дуккха а бу, амма кхин некъаш ца карадарна, шайн доьзалш кхаба кхи аьттонаш цахиларна куьйгалхочо боххург ца дича ца довлу шаьш бохуш, даредо цара.
Нохчийн зуда оьздангаллин гурашка ерзийча, цуьнан коьрта доккха йовлакх а тиллина, лаьттах текхаш, еха а, шуьйра а коч а тIейоьхча, пачхьалкхехь йоллу къепе меттахIуттуш санна хета цхьаболчу куьйгалхошна.
Шайн ойла озаца бистхутьлуш, къадо ца хIиттира тхо зIене девлча, масала, махкара къинхьегаман, социалан хьелаш кхион министраллан хьукматашкара белхахой.
Амма церан хьаькамаш лучу жоьпаша жимма шеконаш-м кхоьллира кхетамехь.
Масала, Шела кIоштан пенсхойн фондан хьукматан цхьана декъан куьйгалхочуьнца Шемалца хилира Маршо Радион хIара къамел.
Шемал: «Хьиджабашца лелаш бац. Сийна, Iаьржа коч, цхьана басахь хилча дика ду аьлла, цхьа барт а бина тIеэцна духар ду-кх тхан белхаоша-зударша лелош…»
Устрада-ГIалин пенсхойн фондан урхалле а горгали туьйхира Маршо Радионо, хьакхаделлий-те царех керла низам аьлла.
Белхахо: “Йовлакхаш, еха кучамаш оха ишта а лелош яра, кхи хIара тIетилла, важа тилла юха аьлла, тIедожийна хIуммаъ дац тхо долчахь…»
Устрада-ГIаларчу лоьмар 5 йолчу школан урхаллица а девлира тхо зIене, кхаьчний цаьрга Iедалан омра, нагахь санна кхаьчнехь, буй хийцамаш, керла духар тIеэцчхьана, лакхадевллий дешархойн хаарш аьлла.
Иштта доцца къамел хилира тхан школан директорца Асхабов Iумарца.
Асхабов: «Прагера дуьйнна дIа телефон а етташ, стенна хоьтту ахь? Зорбанехь йолу информаци ешахьа, хьайна хаа лууш хилча…»
Масех шо а ду Нохчийчохь хьиджаб лелорах кеп-кепара ойланаш лела. Цкъа, балхара йохор ю, юьйр ю, йоккхур ю олий, кхерамаш а туьйсий, ворхI чкъурах ерриг дIахьулло зуда.
Юха Iедало чIениг дIакъовлар, иза ваххабистийн амалера ду, олий, дIайосту.
Оцу юкъанна хьиджаба гонах аларш, къийсарш, хетарш дуьжуш данне а дац.
Дуьнеаюкъарчу бакъонашларъярхоша цхьабоса кхайкхадо «Кавказехь зударийн бакъонаш ларъеш яц, бертаза ду дерриг а, ур-атталла, шена товриг тIеюха бакъо а ца юьту цуьнгахь» бохуш.
Ткъа Iедал, Iедал-м къора ду оцу маьхьарна.
Цхьана а нохчийн зудчо ца боху, ша къоман доцучу хьесапехь, духар а дохий, араялийта.
Ца боху, шен хатI ма торру наха юкъа даккхийта а.
Цо бохург цхьаъ ду, нохчийн къам кхолладелча дуьйнна схьа лелла доцу генарчу Малхбалера кеп шена тIе ца кхоллар а, шегара нохчийн куц дита цалаар.
Бакъду, кху тIаьххьарчу шерашкахь Iедалан бага хьоьжуш Iен нохчийн зуда кхеташ яц, божарша хIоттош долу шен духаран васт дуьззина муха ду а я муха хила деза а.