Your browser doesn’t support HTML5
Зудчун метиг пеша хьалха ю, шен кхерч лелор ду цуьнан декхар бохуш, бусулба юкъараллехь шена эшамаш бешшехь, къар ца луш, оцу гурашкара а бевлла, Iилма толлу зударша божарийн могIаршкахь.
Оццу юкъанна историкаша бакъдо, Малхбузерчу зударийл а хьалха буьйлабелла бусулба зударий Iилма Iамо а, талла а бохуш.
ЮНЕСКО-н статистикан институто арахецначу артиклехь далийна цуьнан тоьшаллаш.
Масала, тахана бусулба 6 пачхьалкхехь Iилма Iамочу зударийн терахь лаккхара ду Iамеркарчу хьолаца дуьстича.
Царлахь ю Бахрейн, Бруней, Кыргыстан, Ливан, Туркойчоь, Катар. Боккха кхиам а, дозалла а хета мегар ду Урдунехь еха, дуьххьара зуда, Iилманча, ШарIа Iилман доктор Шишани Фейруз орамашца вайн махкара хиларна.
Маршо Радион аьтто хилира вайн махкахо лаха а лехна, цуьнца зIе дIатаса.
Хеттарш дуккха а дара тхан-м, амма дерриг а цхьана программехь дийца таро а ца хилла, шина декъе даьккхи ас сайн Iилманчаца деана къамел.
Маршо Радиона хазахета Iилманчаца Шишани Фейрузца гергарло тасаделла а, кхи дIа юкъарло дIакхехьа барт хилла а.
ТIейогIучу хенахь вайн кхи а хир ду Фейрузе хетта а, дийцийта а. Ларъе программа.