Астанахь дIадуьйлалуш долчу Шемара хьал дIанисдарх лаьцначу дийцаршкахь оппозици кийча ю дийцаре дан герзаш деттар соцаш бина барт кхочуш барх лаьцна хаттарш. Цунах лаьцна Reuters агенталле хаам бина Шемара оппозицин делегацин векло ал-Ариди Яхьяс.
Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, цу дийцаршкахь дакъалоцуш бу Шеман оппозицин а, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а, ГIажарийчоьнан а, Iамеркан а векалш а, ткъа иштта дуьненаюкъараллан Шемахула волу леррина хьадалча де Мистура Стаффан а.