Нохчийчоьнан коьртачу гIалара аэроппорт дагахь ю Туркойчоьнан Turkish Airlines авиакомпаница цхьана болх бан. ХIора денна Истанбелера Соьлж-ГIала кем алела доладала мегаш ду тIейогIучу аьхка. Цунах лаьцна, «Известия» газетана тIе а тевжаш хаам бина "Грозный-информ" агенталло.
Цул сов, Соьлж-ГIаларчу аэропортан векалша бинчу хаамца, Зазадоккху-бутт чекхболуш дуьйна кIиранах шозза кема лела мегаш ду Тбилисе а.