Your browser doesn’t support HTML5
Мила ву «хьакъволу» артист? Мила ву «халкъан» артист?
Я эша а оьший-те тахана оцу сийлахьчу цIаре сатийса? ХIун пайда бохьу цо артистна?
Я гIоле ду-те седане са а ца туьйсуш, шен халкъан дуьхьа иллеш, эшарш олуш, васташ кхуллуш, хьовсархоша хьо тIеэцарх воккха а вуьйш Iийча.
Нохчийчуьрчу халкъан артисте, театран сценитIехь бIаьрла васт дитинчу Багалова Зулайга делира Маршо Радионо шен кхолладелла хеттарш.
Халкъо хьо тIеэцний, тIаккха ахь нийса некъ лаьцна-кх!
Багалова: "Соьга а, хьанга а хаьттича а, халкъо тIелаьцнарг ву-кх артист! И регалеш ас сайга хьаха а ма е олу, царех дан хIума а дац, цара я ахча а ца ло. Халкъо хьо тIеэцний, тIаккха ахь нийса некъ лаьцна-кх!"
Багалова Зулайс а чIагIдеш, Советан заманара дуьйнна схьадогIуш ду Iедало къобалбина артисташ комаьршаллица даржехь лакхабахар, кеп-кепара царна совгIаташ дар.
Масала, оьрсийн дикка вевзаш хилла, тахана воцуш волу актер Бондарчук Сергей, цо «Тарас Шевченко» киночохь коьрта рол ловзош тайначу Сталина аьлла хиллера «И ву-кх бакъволу халкъан артист».
ШолгIачу Iуьйранна артистна совгIат дира Сталинан цIарах премица а, «Халкъан артист» цIе а луш.
Кхузахь шалхадолург, Бондарчук баккъал а корматалла йолуш, похIме артист хилла хилар. Цуьнан дезачу совгIаташлахь ду Iамеркан «Оскар» киноакадемино делла преми а.
Умарова Тамилас «Хьалхара паччахь» цIе йолу, Кадыров Ахьмадна лерина эшар дIалакхар бахьанехь 2008-чу шарахь Устрада-ГIалин цхьана бараме веанчу Кадыров Рамзана «Хьакъйолу артист» цIе елира, хIетахь 12 шо долчу йоIана.
Тахана махкахь дIахьочу барамашкахь дакъалоцуш гуш яц Умарова Тамила. Хетарехь, цуьнан седа баьгна баьлла 9 шо хьалха.
КIира хьалха Соьлжа-ГIалахь дIадехьира «Национальная пятерка» олучу, тоьлла иллиалархой билгалбахарца хIора шарахь дIахьочу конкурсан жамIаш дар.
Цигахь дакъалоцучу мехкан куьйгалхочо шен омрица куьйг яздина дуккха а деза совгIаташ дIасадийкъира артисташлахь.
Дуккхаъчу нахана юкъахь цакхетамаш буьсуш «Хьакъйолу артист» аьлла сий дира Оьрсийчоьнан «Голос» проектехь шолгIа меттиг баьккхинчу Асланбекова Раянин Кадыров Рамзана.
Раянин шен а дац 15 шо бен. Муха тIеэцна-те и хаам бахархоша, кхиина а ялале, оцу беран тIорзах, цхьанна-шинна лиънера аьлла, хьакъйолу артист яр?
Иттанашкахь шерашкахь сатуьйсу културехь къахьоьгучара Iедало шайна сийлахь совгIат даре.
Наггахь берш, кхи терго а ца хуьлий, дуьненчуьра дIабоьлхуш меттигаш а нисло.
Нохчийн халкъан артист Усманов Iимран. Къоман мукъамаш лардеш, жимачунна а, воккхачунна а товш, тахана а шен иллеш мьлххачу а артисто дIа а олуш, музыкехь схьабогIучех ву иза.
Махкарчу эстрадерчу хьолах, илли ала хуучех, луучех, хьакъболу а, боцучу а артистех лаьцна иштта къамел тасаделира сан иллиалархочуьнца.
Мачано къуьйлучу коган дена санна, цунна дика девза културера хьал.
Шу юкъа девлчхьана тхоьга ладийгIа буьйлабелла нах.
Усманов: "Тахана, бакъдерг аьлча, културехь, искусствехь долу хьал, хала хеташ делахь а, цхьажимма ледаро ду.
ХIунда аьлча, оцу хIуман кIорге йовза лууш бац тIекхуьу артисташ.
Масех стагана шаьш хазахетчхаьана, цара шайга ладоьгIчхьана тоам а беш схьабогIу уьш.
Ас забар санна ала а олу цаьрга "Дела реза хуьлийла шуна, шу юкъа девлчхьана тхоьга ладийгIа болабелла нах".
Ойла йича, оцу цIаро кхи лакхадоккхуш я алапа а дац, ур-атталла, хенан йохалла артист пенси вахча, я цуьнан пенсина тIекхеташ цхьа а процент яц.
Я Iер-дахаран, вахар-варан агIоне диллича а яц цхьана а кепара магийна гIоленаш.
ХIетте а сихо ца йо Оьрсийчоьнан Iедало, дукха хьолахь, хьакъволу я халкъан артист ван.
Амма хIуммаъ хала дац кху заманахь Нохчийчурчу иллиалархошна.
Баккхийчу хьаькамийн доьналла, стогалла, къонахалла хестош иллеш, эшарш ахь алахь, ма хуьлда хьан аз а, похIма а, вийр ву хьох сийлахь-воккха, халкъан хьакъволу иллиалархо!
Ткъа тоххара хала дара оцу зовкхе кхача.
Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, хьакъволу артист цIе яла догIу, нагахь санна оцу иллиалархочо 20 шарахь искусствехь къахьегнехь, даимна даха шена тIехьа иллеш, эшарш дитинехь, ткъа халкъан артист иза ван мегаш ду цул тIаьхьа, 5 шо даьлча.
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а халкъан артиста Димаев Iелас бахарехь, тахана културехь къоначо хенал хьалха лакхене йоккха гIулч яккхарх, бан тамаш бац.
ХIунда аьлча, замано гойтур ду, мила ву хьакъволу артист, мила хилла халкъан.
Замано гойтур ду, мила хилла бакъволу артист
Димаев: "Хьалхо хало дара, бакъдерг дийцича, дерриг тидаме лоцура хьакъволу я халкъан артист хьох вале.
Хьан белхан хаарш, похIма, корматалла и дерриг а кхочушхиллалц, белхан шераш а гулдаллац, нахана вовззалц..дуккха а хIуманаш дара хIетахь нисдан дезаш.
Атта луш яцра и сийлахь цIе хIетахь. "Халкъан артист" цIе, пенси вахале бен луш а яцаара. Тахана атта ло. Замаго гойтур ду-кх, мила хилла баккъал а артист!"
Доцца аьлча, хуьлийла хьо хьакъволу я халкъан артист, оцу цIаро деш сий дац, коьртаниг, Багалова Зулайс къамелан юьххьехь ма аллара «Халкъана веззарг ву артист!»