Ялх шо хан тоьхна Германехь полисхочунна урс тоьхначу йоIанна

Германи -- Немцойн полицин болх алсамбаьлла тIаьхьарчу шерашкахь. 2016

Германехь суьдо 6 шо хан тоьхна цIера Мароккора йолчу 16 долчу йоIанна. Иза бехке йина полисхочунна тIелатар дарна.

2016-чу шарахь Чиллан-баттахь 15 шо долчу цу йоIа ХIанноверехь логах урс тоьхнера полицин белхахочунна. Цу хенахь иза талламан кIелллахь яра, радикалан исламхошца уьйраш латтош хиларна.

Цул цхьа шо хьалха и йоI Шема яха гIоьртинера, цигахь йолчу экстремистийн "Исламан пачхьалкх" олучу тобанах дIакхета дагахь.

Германин Iедалша билгfлдоккху тIаьхьарчу хенахь исламан радикалаш олучу наха кхиазхойх пайда оьцуш хилар, цхьацца зуламан тIелетарш деш.