Трампа дийцаре дина Путинца Шемара хьал

Iамерка -- Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд телефонехула къамел деш ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца, Дечкен-бутт 28, 2017

Iамеркан президенто Трамп Доналда а, цуьнан Оьрсийчура коллего Путин Владимира а шоьтан дийнахь телефонехула къамел дина, Трамп президентан декхарш кхочуш дан волавеллачул тIаьхьа дуьххьара.

Трампан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а куьйгалхоша дийцаре дира Шемахь лаьтташ долу хьал а, ДАIИШ олучу экстремистийн тобанца къийсам дIабахьарца доьзна хаттарш а.

Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцех лаьцна хаттар ца хьахийна Трампа а, Путина а.