Шелахь тIелатар динчу тIемалойн гергара нах юьртах баха сацам бина шелахоша, бохуш дIахьедо Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша. Ала догIу, дечкен-беттан 29-чу дийнахь Шелахь полисхошна динчу тIелатарехь кхелхира шиъ полисхо а, кхоъ тIемало а, цул сов шиъ маьрша вахархо а лазийра.