Your browser doesn’t support HTML5
1944-чу шеран Чиллан-баттахь Сталинан омраца Казастанехь яккха тоьхна хан чекхъяьлча, Кавказера 7-8 эзар стаг гуттаренна а ваха висира Къилба Казахстанан Акмолинск кIоштахь.
Цхьаболчийн таро ца хилла даймахка юхаберзарехь некъан харж ян, вукхарна тайна шаьш тIеэцна комаьрша казахийн латта.
Тахана Акмолинск кIоштахь кхоллаелла 3 юрт ю, беккъа дIа нохчий бехаш: Красная Поляна, Арбузинка, Петраковка цIерш йолуш.
Казахстанан телевиденино цигарчу Красная Поляна цхьана юьртан бахархойн Iер-дахаран хьелаш дуьйцуш, билгалдаьккхира, массо а хьеггал, бертахь, девнаш доцуш цигахь вайнах бехаш хилар.
Цкъа делахь, йоллу пачхьалкх схьаэцча, оцу кхаа юьртахь бен бац нохчийн мотт школашкахь хьоьхуш.
Цул совнах, духкуш дац туьканашкахь маларш, эзар сов бахархойх юьзначу эвлахь яц белхан меттигийн къоьлла а, ца до къоланаш, я кхечу кепара къиза зуламаш а.
Цхьаъ лулахь гIишлош ян волалаахь, юьртара гIаж таккхол мел верг, вовшах а кхетий, оцу сохьта хьалайо хIусамаш.
Тахана шаверриг а хьаьдда-ведда, хьангара яьккхина, шена аьтто бийр бара-те бохуш, хьеречу заманчохь, цаьрга муха хIоттаелла-те лаьттатIехь ялсамане? Стенца ю цуьнан къайле?
Казахстанерчу Акмолинскан кIоштарчу Красная Поляна олучу юьртарчу школаца Маршо Радионо гергарло дIа а тесна, дийхира оцу хеттаршна жоьпаш далар.
Школан директорца Ибаева Яхица тасаделла хIара къамел.
Иштта низамашкахь ду-кх тхан дахар
Ибаева: «Тхан даймахках даьхна кхуза схьадаьхкича дуьйнна тхо кхузахь дехаш ду. Вайнахах кхо юрт ю кхузахь кхоьллина. Округ цхьаъ ю, юрт кхоъ ю. Кхузахь мел дерг къаноша туьдуш, луьстуш ду, Iедале а ца доккхуш цхьа а хIума.
Цхьа даккхий зуламаш тхо долчахь хила а ца хуьлу, Iедале дийллал. Тоххара цкъа юкъахь дара маларш мелар а, дохкар а, иттех сов шо ду хIинца баккхийчара вовшах а кхетта, цхьа барт а бина, юкъара даьккхина. Доллу хIума баккхийчара шайн карахь латтон дела, иштта низамашкахь ду-кх тхан дахар»!
Оццу школехь 20 сов шарахь ненан мотт хьоьхучу Халимова Iайшата дийцира кхи дIа, ненан мотт, кегийчарна гIиллакхаш дIакхачор муха, хIун кепехь хуьлу шен.
Вайн къоман яздархой а бовзуьйту оха берашна
Халимова: «Тхан бераш ненан мотт хууш даим дара, доьзалера дуьйнна. Амма йозанца ледара бара уьш. Ламасташ а, гIиллакхаш а ца девзара.ХIинца школехь уьш хьеха дуьйладелчхьана, баккхий кхиамаш хуьлу тхан.
Тоххара 22 сахьт дара нохчийн маттана делла. ХIинца-м сахьташ лахдина тхан. ДIахьоьхург шайн маттахь хилча, гуттар дика схьаоьцу бераша. Шен маттахь ойла ян йиш хилар доккха хIума ма ду. Оцунна тIекхиъна со.
Нохчийн истрри а, литература а юккъе а ялош, ас айса программа хIоттийнера. цуьнах пайда оьцуш, хьоьхуш схьайогIу со. Оха бовзуьйту берашна вайн къоман яздархой а».
Iайшата дозаллица билгалдаьккхира, ша нохчийн мотт хьоьхучу берийн хаарш лакхара хилар а, оцу маттаца бераша цIахь а, арахь а пайдаоьцуш хилар а, делахь а, элира цо, иштта гергара хета берашна казахийн мотт а, оцу къоман берашца уьйр-марзонаш а лелайо вайн бераша.
Казахийн берашца уьйр-марзонаш а латтайо вайн бераша
Халимова: «Нохчийн мотт къаьстина сиха Iема берашна, кхечу меттанийл а. Вуьшта дешаран материал ледаро тIеоьцу, амма мотт сиха Iема. Иштта дика буьйцу цара казахийн мотт а.
Церан берашца юкъаметтигаш, гергарлонаш а ледао вайн бераша, церан гIиллакхаш, ламасташ а карадерзадо. Оха кхиина, школера арахецна бераш, цхьа хан яьлча, говзанчаш а хуьлий, юха школе хьеха богIуш меттигаш а хуьлу. Цаьргара а доккха гIо хуьлу тхуна».
Маршо Радио: Даймахка сахьийзий шун?
Казахийн мохк - тхайн даймохк хета тхуна
Хадимова: «ХIара мохк а тхайн хета тхуна, даймахкахь а хуьлу тхо. Амма бакъду, тоххара вайн къам дохийначу хенахь кхузахь ДегIаста сатийсинчу къанойн сингаттам бац тхоьца».
Маршо Радио йоккхае, Казахстанерчу нохчийн ярташца шайн гергарлонан тIай тилла аьтто баьлла.
ТIейогIучу ханна тхо дагахь ду, оцу яртех а, цигшарчу бахархойх а шуьйрра дийца.