Трампа кховдийна дарж схьа ца эцна миллиардеро Виолас

Миллиардер, эскарийн ветеран Виола Винсент реза ца хилла Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро Мэттис Джеймса шега кховдийна эскаран министран дарж караэца.дарж караэца. И хаам баржийна Reuters-о.

«Хала хеташ,делахь а, кхета, ларамбо мистер Виолин харжаман» - боху Пентагонан хаамо. Шен доьзалан бизнес дIа ца тасархьама сецна Виола дарже ваха ца хIуттуш, яздо прессехь.

Президенто Трампа хьалхатеттина яра Виолин кандидатура.