Некъаш базлуш бу Оьрсийчохь

12 тоннал еза машенаш йолучарна шозза язлуш ю федералан трассаша йоккху ял. Иштта боху Оьрсийчоьнан министрийн кабинето арахецначу керлачу низамо. 1 сом 53 кепека тIера 3 сом 6 кепеке хьалаболуш бу мах.

Ял язъяр дехха дийцаредира Iедалехь. Некъийн мах базбаларо гIатто йолийна хилла кирлелочу машенийн дайн протест айлур ю аьлла хета прессехь хийцам бийцаребечу эксперташна.