Къоран сийсаздарх арздина прокурораша

«Къоранах бегаш» видео яржийначу Оьрсийчуьрчу блогерна Давыдов Ильяна дуьхьал бехктакхам кховдор доьхуш, Оьрсийчоьнан Талламан комитете дехар хьажийна Нохчийчоьнан прокуратурано, хаамбо оцу хьукматан пресс-гIоьнчалло. Нах а, церан динан хьежамаш а сийсазбеш ю видео, аьлла къастийна прокуратурано.