ОвхIанистанехь лайша зенаш дина

Даккхийчу лайшна бухахь ши эвла йисар бахьана долуш ОвхIанистанерчу Нуристан провинцехь 100 стаг велла, сецна некъан транспорт, гIишлойн тхевнаш доьхна. Оцу Iаламан ницкъо луларчу Пакистанерчу бахархошна а дина зенаш. Лайн бухахь виссина иттех сов стаг лоьхуш бу орцан министраллан белхахой.

Байначу баттахь Италехь лаьмнашца йолчу Гран-Сассо кIоштарчу хьешийн цIа дIахьулдира диллинчу даккхийчу лайша.

Цигахь 29 стаг велира, 11 кIелхьараваккха аьтто хилира.