Къайлах ладугIу гIирс эцначу нохчочунна кхел йийр ю

Соьлж-гIаларчу 64 шо долу пенсхо кхеле валийна Талламан комитето. Цунна бехкедуьллу къайлах ладугIу гIирс эцар, цуьнах пайдаэца Iалашонца. Талламчаша дийцарехь, низамаша магийна боцу гIирс Интернетехь эца а эцна, почтехула схьабаийтича, и схьаоьцучу хенахь полисхоша лаьцна вахархо.

Карарчу хенахь леррина талламаш бу дIахьош Нохчийчуьрчу вахархочунна гонах.