Осканов цIарца почтан марка арахецна

Оьрсийчоьнан дуьххьарчу авиацин турпалхочо, инарла-майора Осканов Суламбека къонахаллин хьуьнар гайтина 25 шо кхачарца доьзна шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан почтано цуьнан сурт тIехь а долуш почтан марка арахецна аьлла, хаам баржийна Оьрсийчоьнан президентан прессано.

Маркин 135 эзар экземпляр йохка арахоьцур ю Оьрсийчоьнан почтано йоллу пачхьалкхехь. Осканов Суламбек ГIалгIайчуьрчу Назранан кIоштарчу Плиевера вара. Шен тIеман декхарш кхочушдечу заманчохь, турпалхо санна кхелхина иза.

Авиабохамехь веллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Турплахо цIе тиллира Осканов Суламбекна.