Хьайбанашна вакцинаци йолийна Нохчийчохь

Кеп-кепарчу цамгаршна дуьхьал цIерачу дийнаташна а, хьайбанашна а мехий деттар ду аьлла дIакхайкхийна Нохчийчохь. Дахначу шарахь Маршо Радионе махкарчу бахархоша хамбинера, нодуляран дерматит олу цамгар бахьанехь дуккха а бежнаш хIаллакхиларх.

Болчу хаамашца, 5500 эзар хьайбанах кхеттера нодуляран дерматит, эзар сов деллера оцу лазарх.

Шинарийдийнахь дуьйнна махкахь дIадолийна бежнашна вакцинаци яр.