Даймахке 75 шаре бахбелла некъ

Дуьненан шолгIачу тIамехь вийначу нохчийн эскархочун декъан чалхаш кара а йина, лаьттах йоьхкина Нохчийчохь.

Your browser doesn’t support HTML5

75 шарахь вайна лерина эскархо даймахка верзийна

75 шо даьллачул тIаьхьа цIаерзий Шеларчу вахархочун Сатуев Iусамин даьIахкаш ша ваьхначу эвла. Цигарчу кешнашкахь дIайоьхкина уьш.

Иза тIаьхьарчу новкъа ваккха баьхкина дуккха а нах бара: иза карийнарш а, Iедалан хуькматашкара а, гергарниш а.

Шен 25 шо долчу Сатуев Iусаман валар нисделла Ржев гIалин йистехь хиллачу тIеман тасадаларехь.

ДIавоьллина хилла эскархо хIетахь циггахь, кхечу салташца.

Ржев-ГIалин йистехь хиллачу тIамехь дукха нах байина дела, цигахь ницкъ ца кхаьчна мила-хьенан ву къаста а дина, церан гергарчаьрга хаам дIакхачо.

Цундела, хIинцалц Сатуев Iусама, лар йоцуш вайначарна юккъахь хилла, аьлла Маршо Радиога дийцира, Нохчийчоьнан тIеман комиссариатан белхахочо Хаджимурадов Ислама.

Хаджимурадов: «Ржев гIалахь ахкарш дечу хенахь даьIахкаш а карийна, коча уллуш йолу медальон хилла. Цу тIера йозанца къастийна иза мила ву. И даьIахкаш схьа а яьхна, Нохчийчоьнан тIеман коммисариате хаам а бина, шаьш иза а вахьаш догIур дара аьлла, хаам бина, схьа а баьхкина иштта дIавоьллира-кх иза».

75 шо хьалха тIамехь дIакхелхинчу Сатуев Iусаман гергарчу нахана дуьххьара дIа, боккха кхаъ хилла, цуьнан дакъа цIа а деъна дIадоллар. Иза дийна цIавирзича санна, ала мегар долуш, хазахетта шайна элира цуьнах вистхуьлуш цуьнан шичан кIанта Ладаев Iимрана.

Ладаев: «Дозалла а, кхаъ а бу-кх иза. ТIеваха кошан барз хилча а, Делан къинхетам бу-кх бохуш, оцу хьоле кхочу вай цкъацца. Онда хIума ду-кх иза, 75 шо даьлча, шен Даймахкахь иза дIаволлар».

Сатуев Iусаман вежарша а, кхечу гергарчу наха а, Совета заманахь дукха чIогIа лехнера иза велла меттиг, амма цхьанна а кепара гIуллакх ца хиллера церан.

Цундела, дог диллина ала мегар дара шайн иза карор ву аьлла кхин дIа а дийцира Ладаев Iимрана.

Ладаев: «Мичахь ву ца хууш, лар йоцуш вайна ву бохуш жоп лора, хеттарш дича официала Iедалша. Ржев гIалин герггахь хиллийла хууш дара. Циггахь йовш яра цуьнан лар. Ира а хIиттина, доккха ор чохь дIадоьхкинчу декъешна юккъахь карийна иза, бохуш дийцира-кх цигара баьхкинчу оьрсаша».

Дуьненан шолгIачу тIамехь 40 сов эзар стага дакъалаьцна хилла хилар даре до официала статистико.

Майраллийца, доьналлийца билгал а бевлла уьш. Эзарнашна тайп-тайпана мидалш елла тIеман хьуьнар гайтина аьлла.

Иттанашна тутрпалхойн мидалш хьакъ ю аьлла къастийна хилла. 5-нна бен тIом боьдучу хенахь яла а ца елла.