Москох Немцовн мемориал йохийна

Оьрсийчоьнан политикан, оппозиционеран Москохарчу Доккхачу Москворецкан тIайтерачу хIолламна ха дечу жигархочо Симаков Григорийс хаамбина, пIераскан буса хадархошна ницкъ а беш, муниципалан «Гормост» белхахоша мемориал дIасабохийна аьлла.

Ши хадархо Симаков Григорий а, Колесников Павел а чоьхьарчу гIуллакхийн декъе хиллачух хаам бан воьдуш, царна дуьхьалкхетта «Гормостан» белхахочун Зайцев Дмитрийн машен.

Оцу машенчуьра «ДIаэца» бохуш, маьхьарий детташ, аракхийсира хадархойн долара цхьацца гIирсаш.