Your browser doesn’t support HTML5
Интернет, ма-хаарра, чIогIа пайде гIирс бу муьлхха а Iилма Iамо а, чохь Iашшехь муьлххачу а метте кхача а, мел-генахь вевза-везарг велахь а, иза ган-гуш цуьнца къамелдан а. Бу, массарна оьшу а, таханлерчу дийнахь ца хилча, мегара а боцуш массара пайда оьцу гIирс а. Цундела хир ду-кх жима а, воккха а мел верг гипнозан йийсаре кхаьчча санна мониторшана хьалха а, телефонашна чу а ваьлла Iаш хилар. Хан мел ели, интернетах пайдаоьцучу нехан терахь хьаладолуш ду, цу дестачу терахьца цхьаьна хьалайолу интернетан нуцкъалалла, алсамболу цо нахана бе тIеIаткъам. Интернетан гIор девзаш, цунах пайдаэца гIерта тайп-тайпа Iалашонаш йолу тобанаш а, нах а. Церан могIарашна юьстах ца йуьсу динан секташ. Дукхачу хьолахь, динца йозуш ю шаьш боху тобанаша цхьана дино – бусалба хуьлийла я керста хуьлийла и- хьоьху коьрта мехаллех къаьсташ дин туьду хIума юкъадоккху, тIаккха, и тоба секта санна билгалйолу. Ткъа сектийн Iалашонаш хуьлу тайп-тайпана, кеп-кепара. Церан хьалхара Iалашо хуьлу шайн Iуналла буха шортта керла агIончаш бахко. Кху заманехь, интернето ло муьлххачу а сектан мехаза ала мегар долуш аьтто шайна юкъа дуккха а нах бахко.
ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь а, кхечу махкашкахь бехачу нохчашлахь а ю секташ яьржаш. Стенна яьржаш ю уьш нохчашлахь, муьлха тайпа секташ ю яьржаш, хIун мехаллаш хьоьху цара боху хаттаршна жоп хаа лаьа нохчашна. Цу хаттаршца цхаьна кхин цхьа хаттар кхоллало: стенна ца бо нохчаша шайна дин девзачу кепах а, нохчийн гIиллакхех а тоам. Цу хаттаршна жоьпаш лоьхуш къамел хилира сан шина нохчийн хьекъалчуьнца – Венехь вехачу Абу-Бакраца, Ниццехь вайнехан маьждиган имам волчу Басханца а.
Дуьххьара АбуБакре хаьттира ас секташ яржаран цунна хIун бахьана хета аьлла. Цо ишта жоп делира цу хаттарна.
“Иза стенна ду аьлча, цу тIехь сан ойла чIагIъелла ю, цхьаъ делахь, вай Элчано (с.а.в) аьлла, шен уммат 73 декъе декъалур ду, 72 тиларчохь гарш хир ду, 1 бен нийса хир дац, аьлла. И нийсадерг ша а, ша беанчу некъа тIехь гар а хир ду, аьлла. Иза цхьаъ ду. ШолгIаниг, вай ваьшан синкхетам буй, нохчийн синкхетам чIогIа лахбелла вайн, лахбина иза хIокху 155 шочохь. Вайн мохк гIаскхийша дIалаьцчхьана дуьйна, вайн синкхетамаллина а, нохчоллина а дуьхьал хаза нехан санна а, дуй хьуна, онда ницкъ бу цара латтош, иза хIаллакдеш. ТIаккха и синкхетам, къоман кхетам дIабаьлча, ессала латта ма ца лаьтти, вакум, оцу есалли чудеанарг, цара чудахьаш дерг, чутоьттуш дерг, церан гIаскхалла ду. ТIаккха оцу боцучу болчу кхетамца, цуьнан метта а, тIаккха къоман гарш девлла-кх вайн – тайп-тайпана. ТIаккха цкъа а вайн къомехь лела а доцуш, ирча хIуманаш а дуьйлу вайгара, ишта и гарш дуьйлу вайгара.”
Абу-Бакрас бохучунна тIетевжаш, кхечу дешнашца, изза бахьана къастийра вайн къома юкъахь секташ яржарна Ницехь вайнехан маьждиган имам волчу Басханас:
"Суна вайн къам тахана акхароша го а бина, цоьстучу дийнатах тера хета. Вайн къомах массо агIор церг туьйсуш бу уьш, кийсакаш а йохуш."
Нохчашлахь яьржаш сектех цхьаъ ю хабашитийн секта. Уьш муьлш бу аьлла шега хаьттича, хаттарна кечам бина воцчу Басхана доцца жоп а делла, бовзийтира суна царах шена хетарг а, хуург а.
"И хабашиташ, тхо долчохь Ницехь а болуш бу и нах, ахь и хаттарна цIеххьана хаттарна ас хьуна жоп лур дац, церан болам шиIан гена йоцуш ю, хIунда аьлча, цхьа дикачу нахана тIаьхьабовлуш Iедал ду церан."
Масех кIира хьалха Нохчийчуьра куьйгалхочо Рамзан Кадыровс тергоне эцна хиллера шех Таблих олучу тобанан юкъабогIу нохчий. Цара шайн вирдаш дIатесна бохуш, царах тоам бина уьш Iад хIунда ца Iийна бохуш, дов дора цо царна.
Таблихийн динан хьежамах хаьттира аса Басхане.
"Цу таблихийн гуттар кхайкхош кхо хIума ду: Дела цхьаъ вара а, Деле а, элче а кхайкхар а, пхи фарз а, вовшийн ларам бар а, нахе даIават дар- дин кхайкхор. Иза а шатайпа сект ю."
Царах цхьаъ гуттар чIогIа йийца яьккхна нохчашлахь – Касназани цIе йолу секта.
Москох веха цу сектан Оьрсийчуьрчу декъашхойн куьйгалхо Зубайраев Асламбек кест-кеста вистхуьлуш хаало 'Анна' канахелула.
Цу сектан декъашхойн Iалашо а хила тарлора интернетах пайда а эцна, шатайпа караматаш, нохчий маттахь аьлча, Iаламатш, а гайтина, шайна могIаршка кхин а Нохчийчуьра нах хIитто.
И Iалашо цу сектан декъашхоша юьхьарлаьцна хиллехь, церан видеона буха язйинчу комменташна тIехула бIаьрг кхарстийча а хаало, кIедачу дешнашка диллича, уьш Iалашоне кхаьчна ца хилар. Цу караматех цецваьлла ца хаалора Кадыров Рамзан ша волчу къамелдан Асламбек кхайкхча. Динехь бух болуш хIума дац аш лелориг, нохчашлахь барт эгIош а, кхераме а сект а ю шуьниг бохуш тIечехара Рамзан цу сектан куьйгалхочунна. Шек дIа а воцуш, лучу хаттарна жоп луш, бехкезвийла ца гIертара Касназани сектан куьйгалхо, экономикан Iилман кандидат, Зубараев Асламбек.
Нохчийчуьрчу муфтис Межиев Салахьс а дира цу сектах лерина дIахьедар, цуьнан болхбар Нохчийчохь доьхкуш ду аьлла.
Гарехь, арахь беха нохчашна а тайна Нохчийчуьрчу Iедалийн сацам. Касназани сектах шена хетарг довзийтира суна Абубакрс:
Суна уьш цхьана а бусалбачу гарех а ца хета, бусалбалла дац иза. Тилла тоба ю иза. ХIорш акха нах бу-кха, арсаш детташ. Дин мичахь ду иза? Динх цхьа хьаса а бац церан, уьш бусалба нах ца лору ас-м. Оцу шаIиташ юкъахь а боьху нах бу-кха уьш. ТIом боккхур бу, аьлла ца хета суна, амма къома юкъара барт бохор бу цара, юкъара гIиллакхаш дохор ду цара, марзо дIайоккхур ю цара. Иза а бу-кха боккха тIом. Цара беш болу тIеIаткъам муха хир бу. Ирча ду-кха суна гарехь и. Уьш вайна юкъахь лелла а, вайна юкъахь кхетам болуш хIумаш дац уьш, вайниг дохош бен. Цхьа хIума дохорцций бен кхин хIума тIе ма ца догIий. Вайниг дохийна, чуоьхуш ду-кха и акхаллаш, вайгахь доцуш дерг.
АбуБакрас динчу къамелах дукха ца къаьстара Ницерчу вайнехан маьждигерчу имам волчу Басханс Касназани сектах аьлларг а.
Ницкъ дIабаккха лелош хIуманаш ду уьш, хIунда аьлча, декъаро ницкъ дIабоккху. Вай тахана чIогIа декъана къам ду. Оцу интернетехь лелаш цхьа филм ю лелаш, цу филмехь Iаьрбойн маттахь боху нохчий схьакхайкха, шаберш схьабахкабе уьш, боху. Оцу нохчашна чекхйохуш ю цара и эчигаш, Китаера схьаяьлла йолчу йогехь санна. Бусалба динехь аьттехь дац и санна долу хIуманаш. Цхьана хенахь ‘Адамалла’ цIе йолчу тобанах йисина тоба ю иза. И шадерг ГIажарийчуьра схьадогIуш ду. Суна гучу суьртанца царна тIаьхьа лаьтташ ницкъ бу, царна ахчанца гIодеш а ду.
Ткъа муха хьал ду Европехь? Вайн кегирхойн дIабетталой сектех, бохучунна жоп лаха лиира суна. Сектех дIабетталучеран терахь доккха дац аьлла, ишта жоп делира суна Абу-Бакрас:
‘Дала хастам бу кхузахь хааделла дац и тайпа хIума, хIунда аьлча кхузахь динан маршо ю нахехь – Iамо а, лело а. Шайна луург лело а маршо ю кхузахь, дин делахь а, дин доцург а. Цундела, синкхетам цхьа Iаткъам болуш, иза хьоьшуш хIума дац кхузахь цIахь санна, адам мелла а маьрша ду шен харжарца, шен хьежамца а, шен дустарца а, цундела кхузахь и тайпа эрчаллаш яц. Дала хастам бу уьш йоцуш.’
Ницера имамс Басханс элира меттигера дукха бацахь а, цхьаболу нохчий дIакхетта Таблихех а, ‘Бусалба Вежаралла’ цIе йолчу политике тобанах.
ХIинццалц Нохчийчохь ца хилла секташ махкахь яржар шеко йоцуш сингаттаме кхачабо даймахкахь беха а, цул арахь беха а нохчий. Ца девза хIума гуттар а хета нахана кхераме. Ткъа Абу-Бакрс ма-аллара, тахана Нохчийчохь хиллачу тIемаша, тIемашкахь лелийначу къизаллаша а вакум кхоьллина нехан сийношкахь а, дегнашчохь а. Цкъацкъа ирча хIумано юзу и вакум, ткъа цкъацкъа Iожале а кхачаво и есалла стенца юза еза ца хуу кхиазхо. Иза бахьана долуш яьржаш хетало нохчашлахь секташ а, сектах тера долу ‘сийна кит’ боху ловзар Нохчийчохь а. Юкъараллин тIум доьзал бу, ткъа доьзаллехь берашна Iуналла оьшу дегара, ненера а. Шайн аьттона компьютер я телпон оьций цуьнан Iуналле доьзалхо кховдийча, дена а, нанна а хаа деза, кхана Iуьйранна воккха хин волчу цу доьзалхочо шена жималлехь интернето хьехнарг схьаоьцур дуйла – хуьлийла иза сектан хьежам а, я галделлачу ловзаран тайпа хIуманийн хьежам а.
Хьалха дас а, нанас а винарг хуьлу доьзалхо олура, ткъа хIинца дуккха а доьзалхой вайна бевзаш боцчу наха кхиабо интернет машанехь, кхуллу церан дахаре болу хьежам, юкъараллехь леларан кеп.
Цундела, тесна битина доьзалхой интернето йийсаре оьций, ша боккхачу некъа буьгу хьекъалан кхиаза кегийнах, ткъа гуттар ца хуьлу и некъ вайн гIиллакхашца богIуш а, я вайна товр болчу кепехь а.