Айдамиров: "Де дийне толуш ду лаьмнийн ярташкахь хьал..."

Карарчу шарахь махкарчу лаьмнийн кIошташкахь хьелаш тодарехь тидам тIебахийта Iалашо лаьцна Нохчийчуьрчу Iедало. Кху деношкахь йийцарейо тIеэца кечъйина программа.

Your browser doesn’t support HTML5

Айдамиров: "Де дийне толуш ду лаьмнийн ярташкахь хьал..."

Нохчийчуьрчу лаьмнийн кIошташкарчу бахархойн Iер-дахаран хьелаш кхиорхьама, цигахь белхан меттигаш шоръярхьама, экономика лаккхаяккхар а юьхьар а эцна, Iедало тIеэца кечъеш керла программа ю аьлла дийцаредо кху деношкахь махкарчу хаамийн гIирсаша.

ХIинцале а 56 инвесторийн проект ю боху кIошташкарчу администрацин куьйгалхоша кхочушъян Iалашонца, хьалхатеттина.

Бакъ делахь, тахана напха даккха цхьана а агIор таро йоцчу 1000 стагна белхан меттигаш лур ю боху оцу некъаша.

Программи тIехь Iедало акцент йийриг ду, къаьсттина пайда хирг хилар оцу меттигашкахь туризм яржийча, даьхний лелийча, жима бизнес кхио йолийча.

ХIетахь зама ша а яра беркате

Советан заманахь лаьмнийн кIошташа боккха пайда бохьура пачхьалкхна. Масала, цхьа Веданан кIошт схьаэцча, цигахь бедарш тегаран фабрика яра, уггар тоьлла лимонад ден комбинат яра, бепиг дотту индустри яра, хьийкъийна кхуьура стоьмийн бошмаш, дуьйш ялташ, леладе тонка, даьхний кхобуш-кхиош ферма яра, накхарш леладора.

ХIетахь зама ша а яра беркате.

Тахана цхьана Веданан кIошта чуйогIучу 19 юьртахь, статистийн хаамашца 39 эзар вахархо ву вехаш.

Нохчийчохь тIемаш хиллачул а тIаьхьа массо а юьртбахамалла хIаллакхъилла Веданахь.

Стоьмийн гектарашкахь хиллачу латтанех ши дакъа дина: цхьа дакъа «Юг» олучу батальоно доладерзийра, вукху йисинчу меттигтIехь стохка гурахь токхамаш хилла, хIусамех боьвлллачу ЦIе-Веданарчу бахархошна 13 цIа дира.

Иштта Iедало официалехь Iорадаьккхинчу терахьашца, 40 гергга бахархошлахь 30% процент бен белхазалла яц.

Маршо Радионо шегара таллам бира, мел тешам болуш ду и гIуллакх хьожуш.

Оха къамел дира Нохчийчоьнан къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министараллан куьйгакIеларчу бахархой мукъа ца хилийтаран центран куьйгалхочуьнца Айдамиров Куршабца.

Цо дийцарехь, хIара карадеана шо лаьмнашкарчу кIошташна тIе тидам бохуьйтур бу аьлла билгалдаьккхина ду махкарчу Iедало.

Маршо Радионо хаьттира Айдамиров Куршабе, еккъа цхьа Ведана хьахийча, муьлха тIегIа кхиаме а, бахархошна пайден а хир яра-те аьлла.

Вайн санна хаза мохк бан а ма бац

Айдамиров: «Советан Iедалан заманахь, кхачанан индустри кхиаме яра вайн кIоштахь. Тахана уьш юхаметтахIиттош программа ю Iедало къобалъеш.

Суна а хета уьш пайден хир яра бахархошна аьлла. Вуьшта аьлча, туризм а яржон еза кхузахь, и а кхиаме хир ю. Вайн санна хаза меттигаш ян а ма яц».

Бахархошлахь белхан меттиг цанислурш шайн чоьте а оьцуш, царна болх карабаллалц хене бовла пособи а хIоттош, церан Iуналладар коьрта Iалашо йолчу центран куьйгахоче хаьттира оха, тахана долчу хьолашца, маса стаг ву къахьега хан а, могушалла а йолуш, амма цхьа а кепара болх боцуш, церан тептартIехь дIаязвина аьлла.

Проценташца аьлча, официалехь долу терахь а, хьаькамо дIакхайкхйинарг а йоккха башхалла йолуш нисделира.

Айдамиров: «Тахана 5 проценте охьаяьккхина белхазалла. Биссинчарана беохан меттига кхачийтархьама юкъаяьккхина ю Iедало программа хIинца. Къаьсттина, лаьмнашкарчу яртийн тергоярхьама».

Дахначу шарахь, официалан хаамашца, Генарчу Малхбале белхан меттигашца къоьлла хьоьгу кавказхой хьийсо программа йийцареян йолийра Оьрсийчоьно. Нохчийчу а кхечира и хаам.

Цара билгалбаьхначу мехкийн могIарехь яра Хабаровск, Магадан, Чукотка, Амур.

«Генара зурма хаза ека» дайша баьхнехь а, «тховса хIара йиъча, кханенна хIун дер-те» бохурш а барам-чот йоцуш хиллехь а, оцу паналле, рицкъ лаха дIабаха луурш, ма моьтту дукха а ца хилира.

Оцу программех а дийцира Айдамиров Куршаба.

Генарчу Малхбале балха воьдучунна гIо до оха

Айдамиров: «Массо а кIошташкарчу белхазаллица къийсам латточу хьукматаша шайн компьютершчохь электронан вариантехь латтош ю и информаци. Оьрсийчуьрчу регионашкахь йолу белхан меттигаш, цигахь луш долу алапа а, чохь Iен хIусамаш а, оцу дерригенах а информаци тхоьгахь йолуш ю.

Цига балха ваха луучунна, некъан кехатца а, ахчанца а гIо-накъосталла до».

«ВогIуш йинарг чот яц, воьдуш йинарг бен» баьхначу вайн хьекъалечу дайшна а дайна, цкъачунна бахархошна дуьсург ду Iедалан даше хьежар, сатийсар, цуьнах тешар,