6 миллион ахча схьагулдина пурстоьпаша

Нохчийн полис

Кхаъ дийнахь пурстоьпаша Нохчийчохь дIаяьхьанчу рейдашкахь нахера даьккхина 6 миллион герга ахча. Iедалаша чIагIдарехь, и нах декхарехь бара кредиташ юхадала а, кхиндолу декхарш такха а. Нагахь санна, схьадаккха ахча дацахь, телефонаш а, телевизорш а, кхийолу йоьхка йиш йолу хIуманаш схьаяьхна рейдашка буханисбеллачу нахаре.