Your browser doesn’t support HTML5
Петирова ПетIамат
ЦХЬАНА ЖИМЧУ-ЖИМЧУ СУЬРТЕ…
Этюд
Жиманиг, тхьовсалахь мерза. Хьо Дала дуьненчу дикалла сов яккха яийтина хиларх тешаш, и хьайга сов яккхалур хиларх кхузза сов тешаш, и дикалла дикалле йоьрзуш хир йолчу йовхонах гΙенаш а гуш хьо Ιехочу набаран марахь тхьовсалахь мерза.
Тсс... ца дуьйцу, и хьайн тешам баржош-бохийча а тешам бан ца туьгуш ахь хьоьгур долчух ца дуьйцу, и дийца вайшинна хийла хан йогΙур ю, вовшах дагйийла дуккха а набарза буьйсанаш хир ю. Ткъа хΙинца тхьовса, жиманиг... Хьо жима йолччуьра алий ас хьох ЖИМАНИГ?
Дукха бохур ма дац и хьох, кхин цΙерш хир ю: диканиг, хьекъалениг, къинхетамениг, эсалниг, хазаниг хила а там бу, амма ЖИМАНИГ хир яц, и хьох эр дац цхьамма а, хьан нана ялийнчу ловзаргахь дог дохуш Ιийначо а цхьаьна. ХΙунда ца олу бах ахь? И дукха деха дийцар ду. Ас а дийцича, хьайн некъан бохалла айхьа зен а зийча, хьаьхар ду хьуна.
Бехк ма биллалахь, хьайн наб къахкийнехь, тΙех ца ялаелира со. Суна Нанас сих-сиха юьйцу и жима йоΙ, лоха-дехачу гΙанта тΙе дΙа а йихкина (цхьанхьа балха баханчохь, «ага» деш), ша бежнаш Ιалашдан яхча, и гΙант харца а хаьрцина, йоΙ бухахь а юьсуш, гΙант тΙекΙелдаьлча ела а къежаш, наб еш хилла йоΙ. Иштта хилла хир ю-кх и.
Ас гойтур ду хьан сурт Нанина, иштта ярий со и гΙант а марахь наб ечу хенахь аьлла.